Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Жима Ломби а, ТIаус а


Просмотров: 2 667Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:

Iаламо хазйинчу, адамийн Iесалло бехбанзачу махкахь ехаш-Iаш яра ТIаус цIе йолу йоI. Адамаш цу махкахь догцIена дара, латтанаш а беркате дара, Iалам а исбаьхьа дара. Адамийн вуо ойланаш кхуллу мох кхачаза бара цига. Цхьана а адамна ТIауса новкъарло ца йора, халахетийта вуо дош ца олура. Шен ойланийн жима дуьне ирсах дуьзна дара йоьIан. ДоттагIий а бара ТIаусан, бакъду, цуьнан ойланех кхеташ берш бацара. Керланиг довза лууш, массо а хIуманан тидам бора ТIауса. Массо а олхазарийн, дийнатийн, ораматийн дуьне талла а, Iамо а гIертара иза. Тийна, эсала йоI и ойланаш йолуш ю, эра дацара цхьаммо а.

 

Иштта цхьана хазчу дийнахь хьуьнах яхара иза шен доттагIашца, цIазамаш лахьо. Сирла, хаза кхеттачу малхо къагадора дуьне. Самукъадаьлла бераш цIазамаш лоьхуш хьуьна юккъе дIадахара. Малх чубуза кечлуш хиларан билгалонаш гучуевлира. Хазачу зезагех цецъюьйлуш, баца юккъера дIасалелхачу бес-бесарчу сагалматех Iехаелла, накъостех дIахедира ТIаус. ЦIаьххьана, гена доццуш, йоIана цхьа узам хезира. ДIасахьаьжира йоI, гуш хIумма а дацара. Коьллаш дIаса а теттина, хьаьжча, цунна гира жима Ломби. Шен тIодана тIе мотт хьоькхура цо, йолаяла гIертара, амма астагI лелхара. Ломбина  ТIаус гира. Цецъялар, кхераялар дара кIорнин бIаьргаш чохь гуш. Къинхетаме йоьIан хьежаро ломби паргIатдаьккхира.

 

– Хьан цIе хIун ю? – элира ломбис. (Тамашийна хIума дара, йоI цецъелира: иза акхаройн маттах кхеташ яра). 

– Сан цIе ТIаус ю, – элира йоIа.  – Хьан цIе хIун ю?

– Сан цIе Чуча ю. 

– Хьо муха кхаьчна тхан махка?

– Сайн доттагIашца цхьаьна цIазамаш лахьо еънера со, муха къаьстина ца хууш, царах дIакъаьстина со. 

– Сан тIодах дахана кIохцал схьадаккхахьа, – дийхира ломбис. ТIауса, дукха цунах къахетарна, шен кхераялар дицделла, тIе а яхана, кIохцал дIадаьккхира. 

– Баркалла хьуна, майра йоI хилла хьо, хьайн сох кхерар а лачкъийна, паргIатдаьккхи ахь со. Да а, нана а дуй хьан, ТIаус, – хаьттира Чучас. 

– Ду, цара суна, кхин хьелахь, сагатдийр а ду. Ма тамашийна хIума ду, сан накъостий а ма ца хеза суна, я со йицъелла-те царна? – Алахьа, Чуча, суна акхаройн мотт мичара хаьа?

– Шина дуьненан дозанийн йистехь ду вайша: тхан а, шун а. Цундела ца хеза хьуна уьш. Хьо кхиберш санна яц, хьо къинхетаме, дика, догцIена йоI ю. Цундела кхета хьо ас дуьйцучух. Хьо бозбуунчаллин дуьненчу кхаьчна. Тхан паччахь дика Маьлх-Азни ю. Цунна зезагаш чIогIа дукха деза, цунна хазахетийтархьама, зезагаш лахьо арадаьллера со, кIохцал дахана, дола ца луш диснера. Ахь балех кIелхьарадаьккхи со. Хьо кхин хьелахь, садовр ду. Тхан дуьненан дозанал дехьа яла хала хир ду хьуна. Яло, ТIаус, ас новкъайоккхур ю хьо. 

 

– Вайша юха маца гур ду, Чуча, – элира ТIауса. 

– Хьуна со ган луучу хенахь, хьуна гIо оьшучу хенахь, со схьакхочур ду. Хьо марша Iойла, – аьлла, ломби къайладелира. 

Иштта гергарло тасаделира жимачу ломбин а, йоьIан а. 

Еригге юрт ТIаус лоьхуш араяьллера. Да-нана холчахIоьттинера. 

Ткъа ТIаус шена карийначу жимачу доттагIчух йоккхайийна а ца йолура. 

Хан елира… 

 

Тамашийна хийцаделира Iалам. Адамаш гIайгIане ийгира. ХIинццалц хилла йоцу шело хаалора гонаха. Дуьйцура, ешапо малхана дуьхьал шен Iаьржа пардо лаьцна бохуш. 

Иштта ойланаш еш йоI Iачу хенахь, мичара дели ца хууш, схьакхечира жима ломби. Ма хазахийтира ТIаусна, шен доттагI гича! Амма Чуча а гIайгIане доьжна дара. 

– ТIаус, хьо гIайгIанехь юй, хиира суна. ХIун цатам баьлла хьуна? – хаьттира ломбис. 

– ХIинццалц хилла йоцу шело ю гонаха, нах а гIайгIане эгна; цундела, хиллачух ца кхеташ, гIайгIанехь ю со. 

– ТIаус, тхан махка а ма еана иштта гIайгIа а, шело а. Тхан хаза, дика Маьлх-Азни цамгаро лаьцна. Цунна бехке Iаьржа Хожа ву. Хезна суна, ешаппий, Iаьржа Хожий, цхьа барт а хилла, дуьнен тIехь шайн олалла даржо гIерташ ду аьлла. 

– Вайшингара хIун гIо хир дара адамашна? – хаьттира ТIауса. 

– Генарчу махкахь, лекхачу ломахь кхуьуш ду, бах, цхьа инзаре зезаг. И зезаг вайшимма деъча, тхан Маьлх-Азни а толур яра. Цуьнан ницкъ кхочур бара Iаьржа Хожа а, ешап а эшо. 

– ХIун зезаг ду иза? – хаьттира ТIауса. 

 

– «Ломан зезаг» олу цунах, атта карош дац иза, иза карор боккха кхаъ бу, – кхетийра ломбис йоI.

Оцу зезагца кечдина дарбанаш лелийча, тхан хаза Маьлх-Азни толур яра, цуьнан нуьречу ницкъаца дохалур дара Iаьржачу Хожин а, ешапан а Iаьржа олалла. 

Иштта барт а бина, шолгIачу дийнахь новкъаделира ТIаус а, Чуча а. 

Даима хала хуьлу адмашна цхьана доккхачу дикане кхача. Дуккха а халонаш дуьхьал хIуьтту, цундела оьшу собар, тешам, яхь, оцу бехачу некъа тIехь, гал ца волуш, дIаваха. 

Шаьшшиннан берриге а ницкъ гулбина, дуьхьалделира ешап а, Iаьржа Хожа а, оцу шина доттагIчо арадаьккхина гIуллакх кхочуш ца хилийта, дарбанечу зезагна тIе ца кхачийта. Шина доттагIчун барт эгIийта, дуккха а бахьанаш лелийра цара. Амма доттагIалла туьйлира. 

– Чуча, – хоьттура сих-сиха ТIауса, – вайшинна маца карор ду и ломан зезаг? 

– Сатоха, ТIаус, генахь дац и вайшинна. 

 

Эххар а тIекхечира и шиъ оцу зезагна. Адамийн вочу дегнех, хьарамчу куьйгех лечкъича санна, Iара исбаьхьа ломан зезаг. Халкъалахь, «лийрдоцу зезаг» аьлла, цIе яхана дара иза. Исбаьхьчу патарша лепадора седарчех тера долу зезагаш. ТIехьаьжна экаме долчу зезагна шело а, йовхо а кхераме яцара. И шиъ гича, зезаг дистхилира адамийн маттахь: 

– Со шуьшиъ лардеш дара. Со кийча ду шуьшиннан гIуллакхе хьажа. Соьца мел долу диканиг, беркатениг хазачу Маьлх-Азнина дIадаларца со даха дуьсур ду. Дуьненчуьра дахар саца йиш яц, вайн кхане – бераш ду. Уьш кхиа дезаш ду. 

Иштта оцу Iаламатечу зезагца юхадирзира ТIаус а, Чуча а. Маьлх-Азни а тоелира, ломан зезагца дарбанаш лелийча. Дуьйхира Iаьржачу Хожин а, ешапан а бодане пардо. Адамаш ирсе даха хевшира.

 




checheninfo.ru


Источник: "Стела1ад" - 4.2012

Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:

ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости

Это интересно

Календарь новостей

«    Апрель 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
1234567
891011121314
15161718192021
22232425262728
2930 

Здесь могла быть Ваша реклама


Вечные ссылки от ProNewws

checheninfo.ru      checheninfo.ru

checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

Я.Дзен

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"