Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Тоьпан таллархо


Просмотров: 3 165Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:

(Узбекийн туьйра)

 

Боккъал хилла ду я дац, 

Дийца хууш стаг а вац, 

Амма хилла, боху, вехаш

Таллархо – малонча, гІенах

Талла лела Іемина, 

Берриг болх и лерина. 

 

Иштта цхьана дийнахь, халла

Меттахваьлла, вахна талла. 

Лела-аш, гина цунна цхьа, 

Чохь хин лелаш – елла бад.

 

Къахка ца ян, меллаша

Герга вахна, тебна Іийна, 

Боккъал хилла ду я дац, 

Дийца хууш стаг а вац, 

Боккъал хилла ду я дац, 

Боккъал хилла ду я дац, 

Дийца хууш стаг а вац, 

Амма хилла, боху, вехаш

Таллархо – малонча, гІенах

Талла лела Іемина, 

Берриг болх и лерина. 

 

Иштта цхьана дийнахь, халла

Меттахваьлла, вахна талла. 

Лела-аш, гина цунна цхьа

Чохь хин тIадам боцу Iам,

Iам чохь лелаш – елла бад. 

Къахка ца ян, меллаша

Герга вахна, тебна Іийна, 

Шен лаг доцу топ хьажийна, 

 

ХІоъ ца тухуш, бад йожийна, 

Доьхкарх дІа и оьллина, 

КхидІа толлуш хилла цо,

Экха лоьхуш цхьа доккхуо. 

Лелаш, цунна яй карийна – 

Бух а боцуш, тамашийна. 

ХІума яа дог а хилла, 

Сихха дечиг цо гулдина!

Тило хиъча тІаккха бад, 

Аьлла, боху, бедо: «Вакъ!»

 

Вакъ а аьлла, хІоа дина. 

И юьстах а диллина, 

ЦІе латийна, 

Бад кхехкийна, 

Вуззалц хІума йиъча цо, 

Диънарг хилла дийнна гІогІ. 

Йиснарг тесна гали чу,

 

Белшах тесна тоьпан гІуркх, 

ДІаваха и тохавелча, 

ХІоа юккъех декъаделла, 

Цу чуьра схьаяьлла гІаз

Йолаелла, техкаш раз. 

                    


ГІадвахана таллархо, 

Сихха тохавелла, цо, 

Бецех нуьйр а юьйцина, 

ГІезан букъа тІехь юьйлина. 

Коьртах йолла гІерташ дуьрста

Охьабоьжна кІен ши буьртиг. 

Таьлсаш дуьзна цу шиннах, 

Уьш гІезан ги дихкина, 

Гали цу тІе диллина, 

Ша тІехула тІехиъна, 

 

Цо шен цІехьа юм йина. 

Таьлсаш хилла жимма доьхна, 

Цхьа кІен буьртиг охьабоьжна. 

Лехна цо и, сарралц лехна, 

Сарахь лехна, буса лехна. 

 

ТІаккха хьаладаьлла кІа, 

Таьллаш санна, лекха цхьа. 

Тилавелла цу юккъехь, 

Догдиллича карон некъ, 

Стиглара чубоьжна херх. 

 

Цкъа а бина воццушехь, 

ДІахІоьттина, цо болх бина – 

Кхаа буса, кхаа дийнахь, 

Ткъа цул тІаьхьа – кхаа шарахь, 

 

Дерриге кІа хьаькхна валлалц. 

Хьаькхна, эрина и ваьлча, 

ЦІехьа некъ а мукъабаьлла. 

КІа цІа даьхьна хьалха цкъа, 

Таьллаш санна долчу чах, 

Юрт гулйина, цІенош дина, 

Ловзар дина, той хІоттийна. 

 

Дилла, дохка меттиг йоцуш, 

Дукха долу и кІа охьуш, 

Дама духкуш базарахь,

Яьккхина цо зама цхьа. 

Ахча цо гулдина шорта, 

Йоцуш цхьа а барам-чот а. 

И галеш чу дерзийна, 

ТІедоьттина гІезана, 

ЦІехьа йорт цо ерзийна. 

 

Той диина ваьлча ша, 

Хьер а йина, ахьа кІа. 

ГІезан церг а яьккхина, 

Цунах хьеран тІулг бина. 

 

ГІаз цкъа халла меттахъяьлла, 

Мохь базбелла, гал а яьлла, 

Йоьжна тІаккха, даьлла са, 

Галеш даржош лаьтта дІа. 

Ахча ги а тоьхна шена.



 

 

 

 

 




checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:

ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости

Это интересно

Календарь новостей

«    Март 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123
45678910
11121314151617
18192021222324
25262728293031

Здесь могла быть Ваша реклама


Вечные ссылки от ProNewws

checheninfo.ru      checheninfo.ru

checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

Я.Дзен

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"