Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Харачойн Зеламхин т1аьхье.


Просмотров: 35 239Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:

Со вуно жима волчу хенахь тхан ненан нанас уггаре хьалха суна дуьйцу хезначу туьйранашна юкъахь дара обарг Зеламхин хьокъехь до¬лу туьйра. Цкъа а диц ца ло иза 1аламат вазвеш, хестош, мискачу, къечу нахехьа rlo дохуш, церан парг1атонехьа, паччахьан хьаькамашний, меттигерчу мехкадайшний, къинхьегаман нехан хьацарх бехаш хиллачарний дуьхьал къийсам латтош хилла бо-хуш  вийцар.

 

Кхин масех шо даьлча, 20-чу шерашкахь суна дуьххьара гина кинофильм яра Зеламхин хьокъехь дуьйцуш. Иштта веара сан кхетаме обарг Зеламха. Т1аьхьо ас дуккха а литература йийшира цуьнан хьокъехь. Суна хиира иза бакъонца мила хилла. Харачойн Зе¬ламха кхиболу обаргаш сан-на волу обарг ца хилла. Хууш ду оцу муьрехь обар-гашна юкъахь дуккха а та-лорхой, ма-дарра аьлча бандиташ а хилла хилар. Ишттачарах ца хилла Харачойн Зеламха.

 

Паччахьан 1едалан векалший, меттигерчу хьаькамаший, шайхаш, молланаш ду шаьш бохуш нехан ц1ий муьйлуш леллачу 1еламнахий нохч1ийн къехошкахь далло 1азап, латто харцо кхин ланницкъа цакхаьчна, шен доьзал, вина юрт д1а а тесна, обарг ваьллачу Зеламхас цкъа а, цхьа а бохам беш ца   хилла   къечу,    хьаналчу  нахана.Амма цо къахетамза бекхам беш хилла къехошна зен,  зулам динчу нахана.

 

Дуккха а шерашкахь къий¬сам латтийна цо паччахьан деспотизмана, колониальни зуламашна, къехошкахь бал-лочу балина дуьхьал. Зелам¬ха революционер ца хилла, амма цуьнан боккха цабезам бара паччахье, цуьнан хьаькамашка, цара кегийчу къаьмнашца йолчу юкъамет-тигашкахь ницкъаш барца д1ахьош йолчу политике. Ха¬рачойн Зеламхас царна дуь¬хьал къийсам латтабора дуьххьалд1а шена хуучу кепашца, терроризман г1улла-кхех, цхьаццанна бекхам барх пайда а оьцуш. Иза цхьан волу къийсамхо вара, нагахь цо  лелош долчу г1уллакхашкахь 1едалан законаша бехкедеш долу х1уманаш Хиллехь а, амма иза обарг-зуламхо, талорхо ца хилла, хилла бохуш паччахьан хьаькамаша шуьйра д1акхайкхош хиллехь а, ткъа бакъонца халкъан къийсамча - цхьалхахо хилла.

 

Паччахьан заманахь цхьана адаме ца лабаллал дукха, къиза ницкъаш бина Зелам-хина, набахти чохь валлийна, цуьнан доьзална на¬бахти чохь баллош а, Сибире бохуьйтуш а лерарш ди¬на. Амма къар ца велла паччахьан 1едалан хьадалчашка, къехошкахьа гlo дохуш цо латтийначу къийса-мах вуха ца ваккхавелла.

 

Сийлахь - йоккхачу Ок¬тябрьски социалистически революцис , гуттаренна а х1аллакбина д1абаьккхиpa паччахьан д1ах1оттам, Россехь х1оттийра керла социалистически юкъаралла, къинхьегамхойн караделира пачхьалкхан урхалла.

Хьалха хала а, къиза а хилла Зеламхин а, цуьнан халкъан а кхоллам, х1инца-кхин а сирла, ирсе, парг1ат дахар ду нохчийн. Мел воккхавер вараЗеламха таханлера Нохчичоь, шен махкахой гича!

 

Советан 1едал вайн махкахь х1оьттинчу хьалхарчу шерашкахь Зеламхех лаьцна повесть язйира х1иричо Га-туев Дзахос, цуьнан буха т1ехь «Востоккино» ц1е йолчу киностудис лакхахь ас хьахийна кино а яьккхира.. Ала дашна, Д. Гатуевн «Зеламха» ц1е йолчу книгин хьакъ боллу мах а хадийра. иза дика т1е а ийцира сий-лахь-воккхачу оьрсийн про¬летарски яздархочо Максим Горькийс. Харачойн Зелам¬хин дахаран, къийсаман хьокъехь дуьйцуш, къехойн rio лоцуш хиллачу турпалхочун башха васт, цуьнан инзаре хала кхоллам гойтуш йолу роман язйира т1аьхьо нох¬чийн гоьваьллачу яздархочо Мамакаев   Мохьмада.

 

Зеламхин доьзалера цуь¬нан гергара нах тахана а бу вайн республикан уггаре а хазачу районех цхьаъ йолчу Веданан районехь, районни центрехь — Веданахь — бехаш. Цуьнан воккхах волчу к1анта Мохьмада жигара дакъалецира граждански т1амехь г1уллакх дира Ц1ечу Эскарехь, 1925-чу шарахь Махкат1ехь иккхина кулакийн г1аттам бохо ваханчохь вийна иза. Шолг1ачу к1ентан 1умар-1елин дахар иштта хилира: 20-чу шерашкахь фаб¬рично-заводски школа чекхъяьккхинчул т1аьхьа Дон-т1е-рачу-Ростов г1алахь «Жесть-восток» заводехь болх бира, т1аккха рабфакехь дийшира, парте велира, цул т1аьхьа жоьпаллин белхаш бира цо. Т1аккха нохчийн тешаме к1ант партис чекисгийн балха хьажийра. Шен дахаран т1аьххьарчу шерашкахь Ве¬данан районехь ОГПУ-н (НКВД-н) начальникан болх бира цо. Массанхьа а 1умар-1елас ша гайтира   бакъонцаволy коммунист.Даймехкан тешаме патриот, лаккхара дикаллаш йолуш волу хьа-нал стаг санна, 1947-чу шарахь бандитийн карах чевнаш а хилла велира иза.

 

Тахана а дийна ю Зелам-хин ши йо1: Меда а, Энисат а. Оцу, х1инца мелла а къе-налле йирзинчу шина зудчо боккхачу безамца лардо шайн дех, вежарех, шайн берриге а доьзалах лаьцна дуьйцуш долу дерриге а документаш: сурташ, книгаш, газетийн статьяш, бедарш, совг1аташ, 1умар-1елин эпса-ран погонаш...

 

Суна дало лаьа дуккха а документашна юкъарчу ши¬на кехата т1ера дешнаш. Махкахь гоьваьлла воккха 1илманча хиллачу кавказове-до Е. И. Крупновс 1936-чу шеран 29-чу августехь Зе-ламхин к1анте яздира: «Санхьоме доттаг1, 1умар-1ела! Суна цкъа а дицлур дац аш шайн башхачу ламанан юьртахь со даггара т1еэцар, сайна дина хьошалла. Хьан даймехкан, хьан Веданан хьокъехь уггаре а дика ойланаш йисина сан даг чохь».

 

Хьалха оперотрядан ко¬мандир хиллачу В. Пурмала 1937-чу шеран февралехь яздинчу кехата т1ехь ду xla-ра мог1анаш: «Маршалла ду хьоьга, ламанан аьрзу, сан доттаг1 1умар-1ела! Кхо бутт баьлла со шу долчуьра д1а-вахана, амма цкъа а шу ца дицло суна... Бехк ма-билла  х1инццалц ца яздарна. Суна хьалха ю «Зеламхин к1ант» аьлла газето (газетан ц1е ца яьккхина — Б. Ч.) зорба тоьхна, хьан хьокъехь йолу биографически очерк». Дахарехь, къийсамехь хила а хилла 1умар-1ела. шен да санна, ламанан аьрзу.

 

Зеламхин йо1 Энисат революци хиллачул т1аьхьа маре яхара Советан 1едалехьа къийсамхо а, Грозный г1алахь хиллачу б1едийнан т1емийн дакъалацархо а хилла¬чу Гудаев Бакаре. Х1инца иза персональни пенсионер ву. Ирсе доьзал кхиъна церан: к1ант коммунист Гуда¬ев Рамзан жоьпаллин белхахо ву, шолг1а к1ант Докка— болх беш ву райсобесехь, кхоалг1а к1ант Хьасан коьрта бухгалтер ву; цхьа йо1 Хьавраъ берийн бешахь кхетош-кхиорхо, ткъа важа— Кхокха х1усамнана ю.Цу т1е  тоха  деза Энисатийн,Бакаран   берийн бераш 21 хилар.

 

Со хилла Энисатан, Бакаран ц1ахь. Уггар хазачу меттехь, Хулхуло хин бердайистехь динчу, стоьмийн бешана юккъехь долчу ц1еношна чохь дехаш ду и шиъ, шайн берийн бераш а хьоьстуш. Церан чоьнашкахь ду деза кузаш, мебель, телеви¬зор, телефон, кхийолу йийбар. Зеламхин вукху йоь1ан Медин: цуьнан кхаа беран дахар а нисделла иштта ирсе.

 

—Советан 1едал ца хилле-хьара, цо г1айг1a ца бинехьара Сибарех мацалла делла хир дара тхо,—бохуш дуьйцу Зеламхин шина йо1а .— Ткъа х1инца хьовсал тхан, тхан берийн,  берийн   берийн а ирсечу дахаре.Тхоьх хьега  мегар ду муьлхха а стаг. Цкъа гина делара xlapa да-хар тхан дена, ма дукха сатийсинера цо ишттачу дахаре, ма тешара иза xlapa дахар т1екхочург хиларх.

 

Зеламхас шега сатийсина нийсонан зама, къен а, хьад долуш а берш боцущ, харцо йоцуш, адамаша адамаш дацор, ницкъ болчара гlopaсиз болчарна ницкъ бар доцуш йолу парг1ат зама ю таханлерниг. Иза ю Советан 1едалан зама. Х1инца шаыл дехаш хиларх дозалла до Зеламхин т1аьхьенах болча¬ра массара а.

 

Б. ЧАЛАЕВ,

Грозный —  Ведана.  (18-чу мартехь арадаьллачу «Ленинан    некъ»  газета т1ера).               

«КОЛХОЗАН ДАХАР»  22 март. 1979 шо. 

 




checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:

ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости

Это интересно

Календарь новостей

«    Апрель 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
1234567
891011121314
15161718192021
22232425262728
2930 

Здесь могла быть Ваша реклама


Вечные ссылки от ProNewws

checheninfo.ru      checheninfo.ru

checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

Я.Дзен

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"