Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

ЧЕЧНЯ. Стихи. Эсилаева Айна Халидовна (байташ)


Просмотров: 3 923Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:
ЧЕЧНЯ. Стихи. Эсилаева Айна Халидовна (байташ)

* * * 

Ган доьг1нехь, юха а гур ду-кхи  вай-м,
Цхьа бертахь,гулделла,мерду вай чай.
Вовшашна къинт1ера девра ду вай,
Дегнаш а, мекханах ц1анделаш шайн!

Хийла дош к1оршаме олура вай,
Ткъа тахна-м вовшашна сахьийза вайн.
Кхи вовшийн хам ца беш,чудуьйли-кх вай,
Цхьажимма, дегнаш шайн дасталаш, х1ай!

Воккханиг урамехь вог1уш а гой,
Цуьнга дист ца хила,некъ хуьйцура вай,
Ткъа тахна, цунна т1е,  вай кхачалой?
Вайгарчу  г1иллакхан,бац мах цхьа шай а!

Цундела 1аш ду-кх вай веша- вешан чохь,
Хезаш бац арара чубетта мохь,
Тахана лаамза къовларехь ков,
Вайх хьаьрчинарг буй-те, къинойн и мохь?

Вай- м иштта лайнерий:  т1еман  и к1ур,
Сибрехахь баьккхинера, къизаллин мур.
Ткъа х1инца ,даьржина дуьненчохь ун,
Д1акъовла йийзи-кх вай, веша-вешан  бун.

Сам  ч1ог1а сагатло, адамаш,х1ай!
Маца и хир ду- те, цхьаьна гуш вай?
Варийлаш,хилалаш г1иллакхан дай,
Бакккхийнаш ларалаш,уьш-м экама бай!

* * *         

Хьа боху: нохчий бу меца,
Халонна тоха са дац,
Цамгаро уьш кхерабина,
Нохчашкахь доьналла дац?!

Нохчий бац: мацаллах кхоьруш,
Цамгаро лацарах ч1е1аш,
Ямартчу нахана къежаш,
Я церан пусарехь бехаш!

Нохчий бу: майраллех буьзна,
Доьналлех уьш бухуш бац,
Сискална цкъа а ца билхина,
Шуьнехь уьш сутара бац!

Къизачу Сибреха бигна,
Луьрачу т1амо уьш зийна,
Нохчаша гора ца х1уьттуш,
Синош шайн ирахь д1аделла!

Нохчий бац: т1аьхьша герз тухуш,
Я эшнарг сийсазавоккхуш.
Нохчий бу, тешаме г1оьнчий,
 Оьшучохь шайн са а лурдолш!

Нохчий бу: бийца мохк болуш,
Шайн махках ала дош долуш,
Воккха а,жима а лоьруш,
Шайн мехкан дай хилла бехаш!!!

* * * 

Адмашна вовшийн к1ордацадора,
Баккхийчийн т1алам а,к1еззиг ца бора.
Лулахой а сих-сиха вовшийн чуг1ора,
Белхех уьш вовшашна, кест-кестта г1ора.

Наноша гуттар а, кхаш леладора,
Цара куьг 1оьттинчохь беркат а лора.
Бакъ ,харц а дуй бууш мехаш ца бора,
Вовшашна ямартло ,янне ца йора!

Аьхкенан хеначохь мангала г1ора,
Ирзошкахь мангалхой а самукъане гора.
Генара мохь бетташ забарш а йора,
Амма, уьш оьг1азе цкъа а ца гора!

Сада1а ховшуш, уьш цхьаьна гуллора,
Шайгара сискал а вовшашна лора.
Кес доккхуш ,хьуьнаршца уьш къийсалора,
Г1ордалахь йолхьакхар иштта д1ахьора.

Маьрк1ажан боданехь уьш чугуллора,
Ламазаш дерзадой, хьехамаш бора,
Воккханиг вистхуьлуш, дош ца кагдора,
Жимачу беро а,цуьнан иэс дора.

Суьйрана наноша кхача кечбора,
Алунан серлонехь кхалларш а дора,
Сихонца, доьзална шун х1оттадора,
Дег1ера цатемаш, цара лечкъабора.

Куьркара хьаьжк1аш а,ма мерза гора,
Ахьарна ахьийта, уьш хьера хьора,
Дакъийнчу жижигца хьолт1амаш йора,
Веанчух шун лечкъош цхьа а ца гора.

Мел йог1у суьйре а,самукъане хьора,
Кест-кестта вовшаха уьш бетталора,
Х1етте а вовшашна к1ордацабора,
Г1оьрдалахь суьйренаш иштта д1ахьора!

Г1оьрдалахь дайн г1иллакх х1инца а деха,
Йиш-ваша вовшах а ,кест-кестта кхета,
Юьртахой т1егулбой,саг1аш  а доху,
Адамаш  Г1оьрдалахь, барт болуш деха!!!

* * * 

Сан байташ ешарна, баркалла ду,
Мах лакхар хадорна,сий хуьлда шун!
Нохчийн мотт безар бен яц кхин со говза,
Амма сан ойла- м ю, к1орггера и бовза!

Лераме сан йиша,ирс хуьлда хьан!
Хьайгарчу г1иллакхна , сий хуьлда хьан!
Сан байташ езарна-м бехке яц хьо,
Амма ц1е ахь хийцарна, реза яц со!

Делахь а, сан дагна цхьа кхаъ-м бо ахь,
Нохчийн мотт безачех хуьлий хьо цхьаъ?!
Цу хьокъехь ца хоьтту ас хьоьга барт,
Нагахь ахь язйинехь, хир ю-кх хьан 
 байт!

К1оршаме дош аьллехь,къинт1ера довла,
Нагахь шаьш ца кхеттехь шу цец ма довла!
Ас-айса яздина маг1аршкахь йоза,
Дитлахь 1ад, хьой яцахь и яздан говза!!!



checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:

ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости

Это интересно

Календарь новостей

«    Март 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123
45678910
11121314151617
18192021222324
25262728293031

Здесь могла быть Ваша реклама


Вечные ссылки от ProNewws

checheninfo.ru      checheninfo.ru

checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

Я.Дзен

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"