Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

ЧЕЧНЯ. Нохчийн меттан денца


Просмотров: 698Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:
ЧЕЧНЯ. Нохчийн меттан денцаЧЕЧНЯ. Салам-маршалла ду шуьга, хьоме Махкахой! Мехала, деза де ду вайн махкахь таханв даздеш - Нохчийн меттан де. Ненан мотт вайн къоман, историн, культурин онда бух бу. Шен ненан мотт безаш ца хилча, иза 1амош, ларбеш ца хилча – Даймахке безам хила йиш яц, вайн дайшкара таханалерчу дийне схьадеанчу г1иллакхийн бух бовза йиш яц. Маттаца уьйр-марзо ерг, и бийцар, хаар коьрта 1алашо хеташ верг, вайн сийлахьчу устазаша, эвлаяаша "Бусалба дин а, мохк а, мотт а, машар а ларбелаш" бохуш дина весеташ кхочуш деш ву. НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКИН КУЬЙГАЛХОЧО, РОССИН ТУРПАЛХОЧО АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАНА, "ненан мотт" боху дешнаш мел к1орга маь1на долуш ду хаарца, 2007-чу шарахь шен омрица оханан беттан 25-г1а де Нохчийн меттан де аьлла д1акхайкхийна вайн махкахь.Оцу дийно йоккха меттиг д1алаьцна вайн республикин хиламийн дезачу денойн мог1арехь.НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКИН ХЬАЛХАРЧУ ПРЕЗИДЕНТА, РОССИН ТУРПАЛХОЧО IАБДУЛХЬАМИДАН АХЬМАД-ХЬАЬЖАС даима гергарло леладора нохчийн меттан говзанчашца, 1илманчашца, хьехархошца, яздархошца, царна оьшучу х1уман т1ехь доккха накъосталла дора цо.Тахана вайн школашкахь, культурин х1усамашкахь, берийн бошмашкахь тидаме эцна ду кегийрхойн ненан матте безам кхуллу белхаш.Иштта, вайн маттаца гергарло кхин д1а а ч1аг1лахь, и безар вайн дегнаш чохь гуттар а хилахь, вайн кхане сирла а хир ю, т1аьхье беркате а хир ю.ДАЛА ДЕКЪАЛДОЙЛА ВАЙ ХIОКХУ ДЕЗАЧУ ДЕНЦА! ДАЛА МАХКАХ ДЕВЛЛА, МАТТАХ ХАЬДДА, ДИНАХ ХЕРДЕЛЛА ДЕ МА ГОЙТИЙЛА ВАЙНА ЦКЪА А! ДАЛА IАЛАШДОЙЛА НОХЧИЙН КЪАМ А, НОХЧИЙН МОТТ А!


checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:

ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости

Это интересно

Календарь новостей

«    Апрель 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
1234567
891011121314
15161718192021
22232425262728
2930 

Здесь могла быть Ваша реклама


Вечные ссылки от ProNewws

checheninfo.ru      checheninfo.ru

checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

Я.Дзен

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"