| ДАЙДЖЕСТ: |

#Ларбемотт цle йолу проект кхочушъеш, Нохчийн Республикин кегийрхойн гlyллакхийн министерствоно «Ахмат» цle йолу Кегийрхойн юккъараллин-патриотически боламанца дlaяьхьира Нохчийн Республикин кегийрхошна юккъехь нохчийн меттан массо а декъахь официальни диктант, иза лерина яра Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжан 69 шо кхачарна.
Цхьанахеннахь 12:00 даьлча 300 сов стаг а, массо а Республикин кloшташкахь ненан маттахь диктант язъян дlaбуьйлабелира.
Тохара Нохчийн Республикин кегийрхойн министерствоно дlaяьхьина яра массо а декъахь зеран диктант. Церан кхачонашца кегийрхойн Дворецехь дешаран Департаментца а, Соьлжа-Г1алийн мэрийно кхоьллина яра дешаран программа, шен юкъалоцуш семинараш, мастер-классаш, тренингаш йолуш, ненан мотт ларбархьама а, кхиорхьама а нохчийн меттана хаарш чlагl а еш.
Нохчийн меттана массо а декъахь официальни диктантан кхачонан жамlашка хьаьжина кхидlа а белхаш бийр бу ненан мотт ларбархьама а, кхиорхьама а Нохчийн Республикин кегийрхошна юккъехь.
![]() |
АДЫГЕЯ. Глава Адыгеи Мурат Кумпилов назвал развитие креативной индустрии в регионе перспективным
ЧЕЧНЯ. Иналук Арсанукаев: визирь, который хотел создать государство.
ГРУЗИЯ. ЕС должен сам захотеть восстановления отношений с Грузией – Кобахидзе
ГРУЗИЯ. Власти Грузии пообещали не поднимать тарифы на коммунальные услуги
В Турции началась информационная атака на процесс нормализации отношений с Арменией