Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

ЧЕЧНЯ. Спешите принять участие в конкурсе "Осенний город"


Просмотров: 510Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:
ЧЕЧНЯ. Спешите принять участие в конкурсе "Осенний город"ЧЕЧНЯ. А.Айдамировн цӀарахчу Къоман библиотекин куьйгалло хаам бо суьртийн "Соьлжа-ГӀалахь - гуьйре" республикин VIII-гӀа конкурс дӀайолаелла хилар хоуьйтуш.Библиотекин директоран Исраилова Сацитин жигараллица 2012-чу шарахь дӀайолийна конкурс, хӀорашеран ламасталлин конкурс а хилла, суьрташ дахар дукхадезачу нахана езаелла ца Ӏаш, гӀалин бахархошна а марзъелла.

Конкурс дӀаяхьаран коьрта Ӏалашо ю бахархойн Соьлжа-ГӀалин историна тидам тӀебахийтар а, шен мохк а, ша веха гӀала а йовзийтар, цуьнан сий дарна дакъа юкъадиллийтар, цуьнца цхьаьна, вайн махкахь суьртийн искусство кхиорна Ӏаткъам бар а ду.Ишттачу конкурсашкахь гучубовлу кхоллараллин суй болу "суьрташ дахар дезарш".⠀Конкурсехь дакъалаца йиш ю муьлххачун а, амма суьртийн чулацам конкурсана тиллинчу цӀарца богӀуш хила беза.ГӀалин урамаш, паркаш, историн, культурин хӀолламаш, доцца аьлча, Соьлжа-ГӀала дашо гуьйре кхачарна тоьшаллаш деш долу суьрташ хир ду тидаме эцнарш.

Конкурсехь дакъалоцучеран шайн белхаш хӀокху адресашца: [email protected] я Соьлжа-ГӀала, Угрюмовн ур., 75-гӀа цӀа.Цхьана авторера схьоьцуш 5 сурт бен хир дац.Конкурсантийн белхаш лахьанан (ноябрь) беттан 30-гӀа де тӀекхаччалц схаоьцур бу, ткъа конкурсан жамӀаш довзийтар а, толамхошна совгӀаташ дар а гӀуран (декабрь) беттан 3-чохь дӀахьур ду.


checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:

ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости

Это интересно

Календарь новостей

«    Март 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123
45678910
11121314151617
18192021222324
25262728293031

Здесь могла быть Ваша реклама


Вечные ссылки от ProNewws

checheninfo.ru      checheninfo.ru

checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

Я.Дзен

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"