Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Айна Эсилаева. "Яхана зама"


Просмотров: 11 516Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:
Айна Эсилаева. "Яхана зама"
Шуьста бужий, гота охий,
Гӏорзаш йохош, мекха боккхий,
Беш дӏайоьра, хьаьжкӏаш тосий - 
Мало йоцуш белхаш бора.

Сарралц кха тӏехь асар доккхий,
Божала йоьдий, хьелий узий,
Шен кӏадъялар къайладоккхий,
Нанас мерза кхача бора.

Нохчийн пешахь кхалларш доттий,
Куьйра луьйсий, налха боккхий,
Нанас цунах даьтта доккхий,
Йоьгаш тухий, даьттагӏа бора.

Бабас куьркахь хьаьжкӏаш йоттий,
Дадас хьерахь ахьар доккхий,
Яй чу, буззий, жижиг тосий,
Нанас ахьарх хьолтӏам йора.

Сарахь баккхий нах чу гуллой,
Шуьне ховший сискал кхоллий,
Кегийрхошна гӏиллакх гойтий,
Цхьа бертахь уьш дӏасагӏора.

Говран букъ тӏе талба тосий,
Нуьйр тӏетуьллий, бухкарш къовлий,
Дехьа-сехьа таьлсаш тосий,
Дада Цӏоьнтара базара гӏора.

Вовшийн гича самукъа долий,
Геннара дуьйна белакъежий,
Тӏаккха доггах маракхетий,
Къанойн чӏогӏа садекхалора.

Аьлха хьокхий, мангалш ирбой,
Воккхачу стагана белхех гуллой,
Кес даккхарехь хьуьнарш къуьйсуш,
Тхан Гӏоьрдалахь белхий гора.

Бабас дечигах алу йоккхий,
Цу тӏехь, хоьрцуш, хьаьжкӏаш йоттий,
Кӏоштара бераш улле дохий,
Овкъарх цӏанъеш  яайора.

Кӏайн кир тухий, цӏено кечдой,
Тайца нисъеш терхи хьохий,
Цӏийнан гуонах девзиг хьокхий,
Уьш ма хаза бехаш гора!!!

©️ автор: Айна Эсилаева Х.
(11.07.20 ш.)




checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:

ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости

Это интересно

Календарь новостей

«    Апрель 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
1234567
891011121314
15161718192021
22232425262728
2930 

Здесь могла быть Ваша реклама


Вечные ссылки от ProNewws

checheninfo.ru      checheninfo.ru

checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

Я.Дзен

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"