Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Видеоклип. Нохчийчохь гуьйре (Видео)


Просмотров: 881Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:
Дешнаш – 1илман Юсупов, Мукъам – 1иса Келоев

[media=http://www.youtube.com/watch?v=FYvmO8EKZBA]

Даймехкан
дагна к1ел хьийзайо г1арг1ули назмано,
Адамийн ойланех
шар-шарахь юцалуш юй,
И шайна ма
хеззи сан шараш къоларна даз ма ло,
Набарна
йоьлу уьш, схьа ала шунаш а юй.

Г1аш оьгуш
шабарийн бег1ашца го охкуш тийналлийн,
Шайн кхорза
барзакъаш лаьттахь а муха тов хьажа,
Б1аьрг баса
баккхарал совнах шен б1аьрлачу сийналлийн,
Стиглано
хебадо т1ехь маьлхан нур даьгна хьажа.

Мархаш ю
билхина маьлхан б1аьрг бакъа бен йовлакхаш,
Уьш х1инца
б1аьрхиша язйина аймал юкха,
Йочане
ойланаш со везачо шу ма йойлакха,
Со-м хьийза
вой аша коьрте а хьийзаш юкъ-юкъа.

Дехкаша нох
дохуш санна ду шур-шур дар дерзано,
Дохк мел
лаьтта ша лам оьзна яккхина шура,
Кхоьлина
денош бен ца уьйзу гуьйренан терзано,
Ду иза сан
б1аьргийн нур оза ца дашал кура.

Хьан гонехь
ву алий даккха ас сайн ирсан са мукъа,
Т1аьхь-т1аьхьа
шийлачу хьаспашка марзделла 1алам,
Генна
д1акхийсахьа г1айг1анан керканаш цкъа мукъа,
Хьо ч1ана
доллушехь гор боьду сан б1аьргийн т1алам.

Мехашца техкабеш
генгали сан хазахетаран,
Хаалахь бу иза
аса хьайна сай сих бина,
Ахь суна
т1ехула лаьцначу стигланан четаран,
Бос мухха
белахь а аьхна бу даиман сан сина.

Саца бе хьай
кхача, бацахь и ца бууш аз ма ло,
Эхкарла
хьерчайеш маж йелла хьан бецин чуьйраш,
Даймехкан
дагна к1ел хьийзайо г1аргули назмано,
Сирлачу
г1айг1анан хих йохуш адамийн уьйраш.


checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:

ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости

Это интересно

Календарь новостей

«    Апрель 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
1234567
891011121314
15161718192021
22232425262728
2930 

Здесь могла быть Ваша реклама


Вечные ссылки от ProNewws

checheninfo.ru      checheninfo.ru

checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

Я.Дзен

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"