Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Нохчийн доьзал кхолларан г1иллакхаш


Просмотров: 10 171Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:
Нохчийн доьзал кхолларан г1иллакхаш

«Малх хьаьжначу дийнахь а, стогар латабай бен, ма де захало», - аьлла кица ду вайн халкъан. Ши б1аьрг беллий, хьекъалца, кхетамца харжа к1антана дало нускал а, шайн йо1 маре яла к1ант а бохург ду и. Я шаьш гергарло тосучу нехан орамаш довза - хаа уьш х1ун нах бу я нах буй...
Вайн дайн заманахь хьаьнг-хьаьнга а маре йохуьйтуш ца хилла наха шайн йо1. К1ант хьал долчу я мелла а таро йолчу нехан хила веза бохург дац и. Нуц хила араваьлларг уггаре хьалха шен бийца орам а, диканца хьахо дай а болуш хила везна. Т1аккха - адамашна гайта шен юьхь йолуш: собарца, бакъонца, нийса, тешаме, хьанал, дош цхьаъ долуш хиларца. «Юьгург стаг велахь, т1улга т1ехь а кхоллалур ду къоначаьрга шайн ирс, - боху цунах лаьцна кицано, - юьгург стаг вацахь, дуьне цуьнан долахь делахь а, бартаца, безамца ирсе дахар кхиъна, хайра долуш охьа а ховшур бац уьш».

 


Шен бийца орам а болуш, схьаяьллачу ц1ийнан сийлалла а евзаш хилла к1анта яло къастайо йо1. Дикачу къонахчунна санна, чохь, арахь, шайн юьртахь, к1оштахь адамашлахь ларамца яккха ц1е эшна цунна а. «Орам ледара болчу синтаран гон т1е баьлла стом а хуьлу ледара», - олура захало хьахаделлачохь махкахь а шен яккха ц1е хиллачу 1еламстага Мадин Махьмуда.
Иштта, и орамаш ледара долчу я диканца яккха ц1е йоцчу дех-ненах схьабаьлла доьзал а хиндерг доцуш хилар зеделла халкъана.
Цундела деза а, доккхачу жоьпаллин а г1уллакх лаьрра шаьш юкъадоккху захало. Я сих ца луш, к1ентан, йоь1ан доьналла, г1иллакх-оьздангалла, сий-ларам, ц1енна пайденна хилар девзина ца 1аш, хиндолчу марден, марненан амалш а толлуш хилла. Аьлча а, ларбелла шайна ледара т1аьхье лун йолу доьзалш кхоллабаларх.
Тахана а бу вайна юкъахь-м шайн доьзалийн ирс, аьтто хиларе сатуьйсуш, дайн хьекъале ламасташ лардо нах. Церан доьзалша цаьрга ла а дуг1у. Бийца орам, дика ц1е яккха дай болуш церан доьзалш а кхуьу. Ма-дарра аьлча, иштта кхиъначу йохьан дайша кховдийна доьналлин куьг ду т1амо ерина Нохчийчоь когаяхаран новкъаяьккхинарг а.
Амма, халахеташ делахь а, де-дийне мелла а жимлуш бу къонахий хиллачу нохчийн дикачу Лаьхьенийн гуо. Цуьнца цхьаьна кхуьуш, стамлуш бу сутарчу, саьхьарчу, шайн а, шайн доьзалийн а, доллучу къоман а кханенан ойла ца ечу осалчу нехан гуо. Царна нуц а, нус а хьал-бахам болчу ц1ен Лера бен ца оьшу. Церан сий а, церан лерам а, церан ламаз-марха а, церан дуьне-эхарт а, церан дин а - ахча ду. Делан жайнаша а, Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисаша а ца магийна, тиллачу нахана иблисо (Делан не1алт хуьлда цунна) марзбина некъ бу иза. Кхоьллинчу Дала хьекъал лойла царна Шен сий долчу ийманехь нисбала, вайна гал ца довла кхетам а лойла.
К1еззиг хан хьалха хилла х1ума ду и. Ламанца йолчу юьртара охьаена, базарахь йохк-эцар лелош йолу цхьа йо1 (нехан зуда) хазъелла Соьлжа-Г1алахь вехачу жимчу стагана. Йо1а мах бечу меттигана юххехь туька хиллачух тера ду цуьнан. Генара гар бен, йовза ца кхиъначу к1антана и нехан зуда юй ца хиъна. Кхуьнца а, я нахаца а бала боцуш, зуда шен декъаза мах беш хилла.

 


Иштта, цхьа хан яьлча, маларх кхетта веанчу к1анта нах боцчохь Лехъяьккхина забар йина оцу зудчуьнца. Оьг1азъяханчу вукхо, «лерган юх йохйина», ша нехан зуда хилар а, шега забарш йойтург цахилар а д1ахаийтина цуьнга. Ша йолчу аг1ор ког баккхахь мегар дац а аьлла.
Ца тешна к1ант оццул хаза а, жима а йолу иза нехан зуда хиларх. Накъостаца к1ело йина, балха йог1уш лаьцна, боккха ницкъ беш, ядийна.
Юкъахьаьвзина къаной машар бан кхиале, йишин марзошка ца хьоьжуш, аралилхинчу вежарша, вижинчуьра г1аттийна, оцу буссехь вийна куьг бехкениг а, цуьнца хилла зуламан накъост а.
Ч1ир хьеяр доцуш: «Шуьга ала дош дац тхан, аша лардинарг шайн сий ду», - аьлла, битина, бах, уьш шина к1ентан верасаша.

 


«Хьекъал доцуш динарг, зулам хуьлий доьрзу», - баьхна вайн дайша. Нагахь цара ядийнарг маре яхаза йо1 хилла, «1асанийн дипломати» тоьллехь а, захало дацара и. Зуда кхаба а, йоь1ан наха дош делла, нуц вина т1еэца а к1езиг къонах ваьлла х1инццалц вайна бевзинчу ядийна зуда ялийначу нахах. Къонахчо-м иштаниг дина а, я дийр а дац...
Цкъацкъа, вер-ваккхар доцуш, и йо1 йолчу аг1онна, къурайшийн ц1ийнан биста кхаччалц, бехке мел болу нах т1етосий, цуьнан да, ваша дош ца делча, ца вуьтий, «захало хуьлий», маьрша доьрзуш а нисло вайн хенахь нохчийн йо1 ядорца юкъадаьлла зулам. Ийман долчу ц1енна и дош деллехь, несала боьлхий, хин йоцчух а зуда ян г1ерташ, цара г1иллакх лелош, цунах захало а хуьлу, цунах доьзал а кхуьу. Нагахь и дош ийман доцчу ц1енна кхаьчнехь - цаьргахь яхь, юьхь, эхь-бехк, г1иллакх ца хиларна, ядийначу йоь1ан дакъазъялар а хуьлу верасаша цунна хьашт доцуш т1еэцначу захалонах.
Кхузахь шен меттахь хир ду йо1 ядорах лаьцна Иласхан- юьртарчу шайхо аьлларг далор: «Ийман доцчу кепара ийман долчу йо1ана т1е куьг кховдийнарг а, иза къобалдеш, машар бо аьлла, юкъаваьлла цуьнан аг1о лаьцнарг а вайца гергарло цадезарг ву». «Хилла даьлла, д1адирзича, нисбала некъ буй царна?» - хаьттина мурдаша. «И йо1 шаьш дина захало бахьанехь декъалхилла, шайна къинт1ера ялахь, бу. Иза оцу захалоно дакъазъяккхахь, дакъазбовларна кхерам а бу царна», - аьлла Дала къайле тояро. Йо1 къинт1ера ца ялахь, и ядийначунна а, цуьнца машар байта юкъабоьллачарна а Аллах1 Делера геч хила амал дац боху 1еламнаха. И йо1 ядийнарг санна, оцу йоь1ан кхид1а хинболчу кхолламна Аллах1ана хьалха жоьпалла бу, зуламхочун аг1о лаьцна, и захало «тодина» 1еламнах, къаной, йоь1ан ц1арах жоп делла йоь1ан верасаш а. Царех цхьаммо а тахана цуьнан ойла-м ца йо...

 


Йо1 ядорца юкъадаьллачу «гергарлонах» захало цахиларх кхетам луш, сайн юххерчу накъостаца лелла, цо мадарра довзийтина кхин цхьа бакъдерг а даладо шуна:
«...2007-чу шеран декабрь беттан т1аьхьарчу деношкахь дара и. Суьйренан кхача а биъна, дехьа чохь цхьацца шен дезарш деш йоллучу вайн жимахйолчу йо1е телефон туху тхан исс г1ат долчу ц1ийнан шолг1ачу подъездехь 1ачу лулахочо. «Давлени» хьалаяьлла, молханех дарба ца хуьлуш, леш йоллу ша, маха тоха яг1ахьара, олий. Х1етахь Соьлжа- Г1алин N°1 йолчу клинически больницехь медйишин болх беш яра вайн жимахъерг.
Юьжуш юхучу кучана т1ехула куртка а кхоьллина, молха х1ума а карахь цига яха арайолу. Д1айоьдуш, ларамаза тхан подъезда хьалха нисбелла хилла кхунна тешнабехк бан аьтто ца болуш лела вайн республикан цхьана к1оштан хьаькам а, цуьнан г1оьнчий а.
Кхуьнга цхьаъ хоттучух, т1аьхьа мохь тухий, сацаелча, тешнабехк бой, цуьнан дуьхьало эшош, ядайо цара. Некъахь, х1ара мичахь ю хаийта, йише ц1а телефон тухуьйту, шайгахь 1едал а, шайгахь герз а хилча, шаьш дуьненан а дай ду, шайна х1уъа мегар а ду моьттуш, и зулам дан арабевллачара. Цунах хаьа тхуна лелларг. Машенахь т1аьхьадевлча, ёлка х1отто коьрта урам а, тоданкхидолу некъаш а д1акъевлина, г1алахь цхьа кегари хиларна, аьтто болу зуламхойн т1аьхьадевллачу тхоьгара «бевдда» бовла.

 


Юьрта кхаьчча, лаха, каро хала дацахь а, т1екхача цхьана кепара аьтто а ма бац царна: бетонни блокаш юттуш, д1акъевлина некъ, герз карахь 1едалан ха а ду дуьхьалдаьккхина. Амма, и санна итт ха хилча, цунах озабала меттиг болуш бац суна юххебевлла накъостий. Делахь а, юкъабоьллачу нахера, йо1 оцу керта йигна цахилар хиъча, юха ца девлча-м ца девлира.

Т1аккха, иштачохь т1ах-аьлла хьаьвзачу шайт1ано 1еса лаам кхуллий, сайна ядо тамехь, оцу «б1аьвнна» арахьа церан йо1-йиша лоху. Берриш а нехан ц1ен т1ехь хуьлий, буху оцу аг1ор бекхам баран некъ а. Кхин дан х1ума ца хилла, баккъалла к1елвисча бен ца воьду дай бехачу керта. Хьалххе дуьйна хууш ма дара цигахь хиндерг - керта а ца тарлуш адам ду, «бартана» аьлла, йо1 ядийначу чиновникана мотт хьакха арадаьлла. Цаьрца молланаш а бу, цаьрца «хьаьжой» а бу, цаьрца... сан «верасаш» а бу. Амма сан аг1о лоцуш цхьа да вац оцу баьхкинчу нахах. Мацах вир дигначу Молла-Несартана дайна, йо1ана т1екхевдинарш, цунна ца бог1у ницкъ бинарш, нуьцкъах и ядийнарш бац бехке. Бехке со ву, бекхаман доцург, ямартчу нахана дала кхин дош доцу.
Аллах1 Дела вицвой, со 1ехо г1ерташ, харц-бакъ туьдуш, Сийлахьчу Къуръанан аяташ а кегадо молланаш бу бохучара, б1останехьа дохуш, устазан весеташ а даладо. Доцца аьлча, иблисо аьлларг дина ца 1аш, и гехь лело реза бу уьш, к1оштан хьаькамо шайна т1едиллинарг цкъа кхочушхилчахьана.

 


Зудчунна ницкъ барх а, и ядорах а нийса кхетам ло Аллах1ан дош а, эвлаяаша цунах лаьцна дийцинарг а шайна дуьхьалдаьккхича а, юха ца бовлу. Къаьсттина чуьрабевлла хьийза сан сайн ц1ийнан бу боху к1илло-нах:
- Хьо сиха ву1 Хьо оьг1азе ву1 Хьо аьрха ву. Бусулба дино бохург дицдан мегар дац1 - боху соьга.
- Делан а, нехан а не1алт хуьлда вайх бусулба дино бохург дицдина, устазаша хьехначу некъа т1ера ваьлла, нехан йо1ана хьовха, цкъа нехан х1уманна т1екхевдинчунна а, - боху аса. - Со вац галваьлларг, Далла а, нахана а хьалха галдевлларш сан йо1 ядийна зуламхо а, цуьнан аг1о лоьцуш долу шу а ду. Кхидолу дийцарш эрна ду, шайна х1ара х1ума гена дала ца лаахь, йо1 шен керта юхаерзае. Хьекъал, кхетам боцу жимха вац тхан догдохийнарг, республикан куьйгалхочо х1окху к1оштахь Делан а, 1едалан а законаш лардан а, уьш талхийначаьрга жоп деха а х1оттийна 1едалан куьйгалхо ву. Дера ву ша арадаьккхина зулам а, и диначуьнгара дог1у жоьпалла а девзаш волу. Шена, х1уъа лелийча, мегар ду моьттуш ца хиллехь, цо и дийр а дацара...
Йо1 схьаялайо. Хотту цуьнан а, и йинчу ненан а лаам. Ший а дуьхьал ю оцу захалонна. Аьлча а, циггахь гучудолу йо1 ядийнарг шен зуда а, доьзал а болуш стаг хилар. Ткъа цо арабаьккхинарг кара х1ума еъначун кураллин, шена муьлхха зулам мегар ду моьттучу сонтачу стеган некъ хилар а.
- Йоь1ан лаамза аса иза юхайохуьйтар яц1 - дара сан жоп.
Т1аккха и нах кочабоьлху воккха хилла, масех шо хьалха дуьйна б1аьрса а дайна, шен чохь, шен кхерчахь Дела а хьахош, шен г1ийла суьлхьа а доккхуш, кхара лелочуьнца бала а боцуш, 1аш волчу сан дена. Цунна т1етосу соьмах шайн дайн декъий дохка кийча болу тхан «ц1ийнан нах».
- Со воккха хилла ишттачу г1уллакхашна юкъаг1ерта. Далла а, нахана а гергахь лело дезарг хууш да а, нана а ду оцу йоь1ан. Цаьрга бийца шаьш беана некъ, - аьлла, цо арабаьхча а, ца совцу.

 


Велча, д1а а вуллур вац, дийна волуш шайн дикане, воне а вуьтур вац, ... хьоьца долу гергарло хаьдда ду, бохуш, иза холчах1оттаво. Т1аккха а иза шайна т1етан ца тигча, балабой, т1етосу кхуо лору 1еламнах, кхуьнан диканехь а, вуонехь а д1ах1иттина лаьттина мурдаш... Доцца аьлча, цара гатте верзийначу сан дас, кхин вала-вола меттиг ца карайой, тхан ц1арах жоп ло «машарна» арабевллачарна.
Воккхахволчу вешегахула соьга, ша аьлларг ца дахь, шен к1ант вац боху хабар схьа а тохуьйту...
Иштта, Дала а, Делан Элчано а (c. 1. с), устазаша а дихкина долу зудчунна ницкъбар къобалдеш, шайн бусулба йиша (жимачохь дуьйна а Дела цхьаъ веш, Пайхамар (c. 1. с.) бакъ веш, Дала т1едехкина парзаш кхочушдеш ю и йо1) иблисан лаамца араваьлла, зуда ядийначу зуламхочунна «юхку» хьаькамана мотт хьакха арабевллачу «1еламнаха», «хьаьжоша». Суна схьахетарехь, оха и йо1 юха ца еллехь, шаьш г1ура бара уьш цуьнга маре...
И ядийначийн ц1а а, церан орам а бевзачу суна дика хаьара, цунах къемат шарахь захало а, я гергарло а хир доций. Делахь а, Далла а, нахана а хьалха ден дош кхочуш ца дича, ца велира...
«Ловзар» д1адирзинчул т1аьхьа д1адоладелира бухарчу зудчо а, кхозлаг1а Хьаьжц1а яхана, «Делан парз» кхочушдина, «ийманехь ч1аг1ъелла» ц1а йирзинчу марнанас а шен керлачу несана ца бог1у ницкъ бар. Цкъа а, цхьа а цамгар евзаш ца хилла йо1, лоьрашка къасталуш доцу лазар кхетта, ша болх бинчу больнице охьайиллира... Кхин марзойх стаг т1аьхьа ца вог1уш, ши бутт сов зама яьккхина, ара а елира.
Цул т1аьхьа, цара кхунах лечкъа а ца деш, д1адолийна хиллера х1ара эг1о, х1ара талхо арадаьккхина т1аьхьарчу заманахь Нохчийчохь ч1ог1а даьржина харцмолханаш лелор (жайнаш дахар)...

 


Мухха делахь а, невцаца юкъаметтиг ийг1ина, дешархо, олуш хьох там бацахь а, доьзалхочух а йолуш ц1аеара и ша ядийна ялх-ворх1 бутт баьлча.
Цул т1аьхьа дукха хан ялале, оцу захалонна юкъаг1иртинчу 1еламнаха а, сан бевза-безарша а юьхь яхарна делахь а, я кхечу аг1ор шайн цхьа 1алашо леллехь а, к1оштан къеда хьалхаваьккхина, веллачу сан доттаг1чун к1ант а ваийтина, дош ца делча, ца ваьлла, юхаяхийтира.
Х1инца Соьлжа-Г1алахь эцна квартира яра кхунна 1ен къастийна. Хеталора цигахь мелла а парг1ат хир ду кхеран дахар. Мичара, баттахь-шина баттахь цкъа зудчунна а, йо1ана а (и яра церан хилла доьзалхо) хенера яла ахча кховдо бен, гучу ца волура «хьакамах» хилла нуц. Телефон-м тухуш хиллера дийнахь кхузза: «Юург кечъе, тхо д1адог1уш ду», - олий. Уьш «д1а ца бог1уш», хийла кхача а мустбелла хиллера кхеран...
Нагахь уьш баьхкича а, д1а мосазза боьлху, шайна хиллачух лоьраш ца кхеташ, яла-ян хьийза елира, вайн йо1 а, цуьнан карахь йолу йо1 а. Больнице охьабехкича, цкъа а гучум муххале ца бевллера марзой, кхаьргара хьал хаа ур-аттала телефон а ца тоьхнера...
Иштта цкъа, яла-ян хьаьвзинчу йо1ана молханаш эца ахча оьшура аьлла, шега «SMS-ка» яхьийтича, телефонехула дуьхьал маьттаза дешнаш яздина хиллера, х1ара ядийна, къонах хилла охьахиинчо. Юххебевллачу накъосташа: «Бухарчу зудчо молханаш лелийна, корта хьовзийна вара и, меттаваллалц сатохахьара», - бохуш, дехарна, цхьана хийцамашка догдохуш, йо1а иза а сох лачкъийнера, хьалхенца шеца мел лелла харцонаш санна.

 


Д1адаханчу шеран б1аьста дара и, веана, цецбохуш, кхарна деза совг1аташ а дина, т1ейог1учу ханна яккхий планаш х1иттош, хабарш дуьйцуш, йо1аца ловзуш, воккхавеш хан яьккхина, д1авахана бутт баьлча, юхавеанера шеца республикан цхьана г1алин куьйгалхо а волуш. Иссалг1ачу майхь нисделлера и. «Хьуна а, хьан дена-нанна а ала х1умма дац сан. Г1иллакх долуш нах хилла уьш. Къинт1ера яла суна, соьга ши доьзал ца лелало. Суо дийна мел ву хьуна а, йо1ана а х1умма а оьшуьйтур дац... Ахьа ц1е тоьхнначохь йо1аца яха хьуна квартира а оьцур ю», - аьлла, доьхна къамел дина, х1ара йита а йитина, д1авахнера.
Цул т1аьхьа масех де даьлча ду-кх и, ч1ог1а цомгуш хилла, хьовса баьхкинчу лоьраша, вуочу хьолехь ю аьлла, ядийна больнице охьайиллира оха вайн йо1. Иштта, шовзткъа градусал лакхара дагар долуш, маха тоьхча а, иза охьа ца долуш, вайн чохь йолчуьнца кхечу аг1ор охьайиллира шолг1ачу шаре йирзина цуьнан йо1 а. И ший а оццул халчу хьолехь а йолуш, «SMS-ка» яийтина хиллера нуц хиллачо, «Тховса шийтта сахьт далале квартира мукъаяккха, арахьара баьхкина хьеший бу Президента суна т1ебехкина, цу чохь д1анисбан безаш». Кхуо шайгара хьал довзийтича, иза шун проблема ю аьлла хиллера, цомгуш йолу шен йо1 юкъа а тухуш. Шена квартира оьшу, тховссехь мукъаяккха. Тхоьца а, ша нуьцкъах ядийна йигинчуьнца а лело г1иллакх ца хиларал сов, яла охьайиллинчу шен йо1ах хета къа а, лаза дог а ца хиллера къонах хила араваьллачу цуьнан кийрахь...
Маьрк1аж хенал т1аьхьа ду и. Чохь йолчо цунах дерг къададо соьга. Квартира къийсича, шайгара цхьаъ оьшуш хилла моьттур ду-кх царна, оха шайна х1етталц садеттар а, дас делла дош бахьанехь, тхан тоьъна собар а аьлла, араваьллачу аса, накъосташа 1овдал ма хила боххушехь, боккха белхи вовшахтоьхна, мукъаяьккхира сайн йо1 а, х1етталц цуьнан хилла йо1 а яьхна квартира...
Кешнашка г1ойла суна хилла баркалла. К1ира-ши к1ира даьлча, хабарш хеза, сан йо1 йита вог1уш юххеваьллачу накъостера ду бохуш: «Дика къонах ву хьенех, шайна къаьстийна квартира а эцна, мел оьшург охьадиллина, яха хаийна шен йо1 а, хилла х1усамнана а»...
Харц хилча а, иза-м ловр дара вай, Далла а, тхо девзачу нахана а гуш дара цунах бакъдерг-м. Лан хала дерг кхин дара: ядийна йо1 йигарна гуонах цуьнан бухахь йолчу зудчо а, цуьнан верасаша а даржо эладитанаш.
Юьртахь вехаш воцу ткъе итт шо а даьлла, суо цигахь цхьанна вевзар вац аьлла, коьрте шайт1а хьаьвзина, вахара т1аккха нуц хиллачун белхан метте, цуьнгара доллучунна а нохчийн 1едалехь дог1у жоп деха. Дакъаз ма бовларш, цхьа таро йоццу нах бухахь нислуш, шозза-кхузза г1оьртича а, цунна т1екхача аьтту боьхна, нахал ца вала, юхавелира...

 


Аса лелориг хиъна, доттаг1чо а, юххерчу накъосташа а юьхь яьхна, дош доккхуш, и некъ битийтира соьга. Т1аккха, тхайн ц1арах дуьйцу эладитанаш совцадайта, «ийг1ина ц1ахь сецчахь», «невцан» верас ваьлла, йо1 д1айига веана хилла к1оштан къеда волчу вахара, баккъалла шайна мостаг1алла ца дезахь, нах болчу нахехь дуьйцуш товш доцу осал къамелаш дита алий, хабар д1атоха аьлла. Ца совцадахь, нохчийн 1едалехь зуда ядийначунна бог1у бекхам цаьрга хьоьжуш хилар д1а а хоуьйтуш...
Цул т1аьхьа дикка хан а яьлла, эладитанаш д1атер хаалахь а, сан «геланчера» жоп-м дац цкъачунна хезаш. Цо телефон схьатоххалц собар дийр ду аьлла, дош даларна, 1аш ву, собарца т1ех верг вайн заманахь 1овдал лоруш хилар сайна дицделча санна...
Суна кхузахь гуттар тамашийна хетарг х1ун ду аьлча, кхузза Хьаьжц1а яхана хьаьжо ю тхан нуц хиллачун нана (да воцуш ву цуьнан). Ядийна, харцонца йигина хилла нус юьйцур а яц вай, я хьалха а, я т1аьхьа а шен к1ентан йо1 ган хьаьгна, цкъа гучу ца яьлла и. «Уьш муьлш бара сан к1анте йо1 ца яла, сан к1анте йог1ур йоцуш йо1 республикехь яц», - бохуш, сонта къамелаш-м динера, ша вайн 1едалехь «заг1а» эцна тхан да волчу яхча, цигахь а т1ехь. Оцу захалонна дуьхьал хилла стундай, стуннаний долчу-м уьш... гучубевлла а бацара...

 


Иштта, маьхза, иштта дорах хетта хиллера ядийна йо1 юхалуш, шена наха соьгара ц1ийца даьккхина дош х1етахь, хилаза ца ваьлла, тхан нуц хиллачунна, цуьнан нанна - кхузза хьаьжочунна а»...
Иштта ду хьуна, ешархо, ядийначуьра схьаяьккхина йо1 юхаеллачун дакъа. И довза а, цунах кхета а хьажалахь. Шега ца йог1у йо1 яддол бен, доьналла доцург, хьан йо1 кхаба а, я ахьа дош дала а хьакъ вац хьуна. Варийлахь, карла ма даккхалахь сан накъостан г1алат1..
Шена езаш йолу йо1, бертахь дуьйций, бертаза доцуш, безамца, марзонца ялош хилла даима нохчийн наха (нах болчу наха). Ткъа и йо1 ядор - нохчийн 1едалехь хилла а дац. Цунах бакъдерг цадевзарш бу, йо1 ядор нохчийн шира 1адат ду, бохуш, цахуу хьехамаш бан хуьйшурш. Иза шен хенахь вайн а, луларчу гуьржийн а, г1ебартойн а, суьлийн а, кхечу а мехкашкахь лелла лайн г1иллакх ду. Цхьана элан долахь волчу лай-стага, безамца шега ян йиш йоцу кхечу элан лай-йо1, оцу йоь1ан бартаца ядош. Дукха ч1ире ца лоруш, юкъабовлий, таро йолчу наха барт бой, атта дерзош а хилла и захало: цхьана эло вукху элана ахчанах, «товар» санна, йо1-лай, я к1ант-лай духкуш я маьхза совг1атана дуьтуш...
- Нохчийн 1едалехь йо1 ядор ца хилча, эвлаяаша т1ехь х1унда баьхна шаьш герз уггаре хьалха ядийна йо1 схьаяккха леладо? - хотту х1ара йоза деш т1екхаьчначу сан юххерчу доттаг1чо.
Цара дуьйцург вайн луларчу мехкашкахь баьхна элий, бекаш, шовхалш я хьолахой вайн мехкан туьйранечу дежийлех пайдаэца, нохчийн нахаца «гергарло» дуоза, нуьцкъах нохчийн йо1 йига г1ортар ду. Нохчийн наха нохчийн йо1 ядош а, и ядийча, могуьйтуш а хилла бохург дац.
Я нуьцкъах йо1 ядор къонахий хиллачу вайн дайшна юкъахь цкъа лелла а, я цара цкъа цхьанна магийтина а дац. Цундела уьш цкъа, цхьана а меттехь нахана хьалха юьхь1аьржа а ца х1иттина. Ткъа цара дина захалонаш ц1ена а, оьзда а, ийманехь а, гуттаренна а нисделла.
Доккха, деза, ахьа ойла йича, шен маь1нин йист йоцу к1орге йолуш дош ду ц1еннана бохург. Я ахьа ялош йолу зуда тайниг яц, хазъелча - цхьана ханна лачкъо, ядо катоьхна, къевсина, нуьцкъах нахера яккха. Хьуна к1ордийча - д1акхосса. Иза хьан аг1о, хьан кхерчан беркат, хьан дахаран йовхо, хьан доьзалан ийман меттахь латтош йолу хьан ц1ийнан, хьан ц1еран 1у хила езаш ю. Цундела ду шайн заманахь вайн дайша и захало дар доккхачу жоьпаллин г1уллакх ларар а.
- Мерза а, ц1ена а, оьзда а хилла даима нохчийн наха деш долу захало, - олура Хаьмбин-Ирзехь ваьхначу къаночо Вадаев Элберда, - Я царна хиъна ишта долчу гергарлонца кхиъна доьзал а, церан т1аьхьара т1аьхьенаш а ийманехь ца хуьлийла доций. Б1е шо гергга зама ю со дуьненахь веха. Сан кхетамехь, тхан ц1ийнан нахана эшна а, я оха лелийна а дац марзонца, безамца я гуттаренна а доцу захало.

 


Ядийна йо1 йита аьлла, Сиржа-Эвларчу нахана т1е шайца дехаре ваг1ахьара хьо аьлла, Нохчийчоьнан муфти волуш Мадин Махьмудана т1е стаг ваийтина хиллера цхьана шелахочо. «Нохчийн 1едалехь а, я делан шар1ехь а йигначохь йитар ца дог1у ядийна йо1... Сан бакъо яц иштта дехар эцна аравала, - кхетийнера 1илма хилла ца 1аш, нохчийн 1адатах а боккха кхетам болчу Мадин Махьмуда. - И йо1 йолчу нахана г1о эшча, цаьрца и ядийнарг вен-м вог1ур вара со...»
1еламстеган жоьпал т1ехъяьхна кхузахь цхьа а кхин комментариш оьшу аьлла ца хета суна нохчийн йо1 ядорах.
Юкъадиллар. Йо1 ядор ца хиллехь а, цхьа наггахь, йо1 «едда маре яхар-м» нислуш хилла вайн дайн заманахь нохчашна юкъахь. Кара х1ума а елла, хан а йиллина, шен да-нана реза доццушехь, везачу к1анте къайлах йо1 маре яхар бохург ду и. Бакъду, къонахий ларбелла ишттачу захалонах а - шина а аг1онна бартаца а, марзонца а доцург цкъа а гергарло ца хетта царна. Дан а дац...
Зуда ялоран г1иллакхаш вайн кхузахь лелларш лардина шайн дайша, бохуш, дуьйцура Иорданехь 1ийна, Нохчийчу ваха-1ен ц1а вирзинчу Бено Амина а, цуьнан к1анта Шемала а.
Хонкаран махкахь Джан-Аптал олучу юьртахь тхуна вевзинчу къаночо-нохчочо Хьусайн Оьздила цунах лаьцна дийцинарг а иштта дара.
Дукха лерина къастам беш ма хилла х1етахь (ц1ахь, хийрачу махкахь башхалла яц) дайша-наноша шаьш йо1 маре луш волчу к1ентан. «Схьа мел гург дац деши», - баьхна вайн халкъо. Хьоло, бахамо, езачу машено, цуьнгарчу даржо веш вац стаг. И стаг ша ву, ша стаг велахь, и хьалбахам а, дуьне-эхарт а марздеш, кхиош, дебош, нахана хаздеш, доллучун а сий ойъуш верг. Цундела ду: «Стаг волчу стагаца т1улга т1ехь а кхоллалур ду йо1е ирс», - боху кица адамаша кхоллар. Я «Къонахчуьнга яханехь, къелла а хьал ду йо1ана, стаг воцчу стаге яханехь, бахам а - дакъазъяларан де ду».
- Йолчу верасаша шена стаг вац аларна кхоьруш, ша цкъа ялийна зуда д1а ца йохуьйтуш, цунах зуда ян г1ерташ, велла д1аваллалц хинйоцчу зудчуьнца ваьхна хийла нохчийн къонах, - олура Г1ой-йистерчу ширачу хьехархочо Дадаев Мухьаддис. - Оццул деза лийрина нохчаша шаьш дина оьзда захало. Бахьана доцуш и дохийначуьнга луьра жоп а дехна. Стаг волчу стеган, тишъелла бедар санна, д1акхосса амал ца хилла нехан йо1, нехан йиша. Иштта, ша нехан а, нахе шен а йоь1ан, йишин сий лардойтуш воцу стаг осал а лийрина.

 


Цундела ду нохчашлахь б1еннаш шераш хьалха дуьйна дайша-доттаг1аша, шайн доьзалш кегий а болуш, вовшашна хьахор; ехна, шина аг1онна захало товш, зуда ялор; дуккха шерашкахь т1ехьийзина, вовшийн хьенан, мила ду хууш, вовшийн диэзаш, вовшийн девзаш дайн 1едалехь къуона шиъ цхьаьнакхетар. Гуттаренна кхуллуш хилла цара и доьзал. Тахана санна, ханна, я ц1арна, цхьана стеган хьоле, бахаме, цуьнгара кхача тарлучу дикане сатосий, сихаллехь кхуллуш ца хилла. Доьзал болор - иза берийн ловзар дац, Дала шен лаьтта т1ехь адамийн дахар кхиийта хьаналдина ирс, я церан кхоллам бу. Цу т1ехь Шегарчу диканна, Шегарчу аьттонна хама, пусар доцчунна Аллах1 Дала оьг1азло ярна кхерам а болуш.
Дала а, наха а маго некъ ларбеш, вайн дайн хенахь къонахаша, да1 санна, лерина лелош хилла захалонца доьзна долу х1ума. Ткъа и кхочушдеш, нахе доссор доцуш, хьалххе там-мах, кхин мел дерг д1а а дерзадой, ц1ера д1а хинволчу майрачун х1усаме дуьгуш хилла нускал. И нахе доссор, цхьа наггахь нисдалар туьдура сан къамел хиллачу къаноша. Аьлча а, ц1еххьана юкъадаьллачу захалонехь - кхечу наха еха хьовзийна йо1, кечам бан ца кхуьуш, цо хаьржинчу к1антана ялор нисделча, къоначарна цхьаьна баха х1усам таръян оьшучу ханна. Я «йо1 едда маре яхча», шинхьарчийн верасашна юкъахь барт хиллалц. Вайн заманахь, оьшучохь а, ца оьшучохь а нахе йоссайой, шозза зуда ялош санна, йоккха чалх а, нахана бала а бо зуда ялорах.

 


Зуда ялош некъ лацарх лаьцна дедас шена дийцинарг довзуьйтуш, иштта олура Хаьмби-Ирзерачу къаночо Вадаев Элберда: «Нохчашлахь лелла дац къанвелла, вала да воцуш к1елвисинчо а, араваьлла нахе саг1а дехар. И эхь т1е ца лоцуш, мацалла делла хийла стаг, зуда. Бакъду, цхьа некъ хилла царна халкъо шаьш оцу хьоле кхаьчний хаийта «битина» - зуда ялош бог1учу замойн «нуц» вехачу кет1а кхочуш некълацар. Аьлча а, дуьхьалбевлла, схьабог1учу новкъахь лаьтта пурх а ерзийна 1аса, я цуьнан тайпа йиллар. Цунах б1аьрг кхетча, пайтонара охьавуссий, невцан вашас я юххерачу доттаг1чо доккха, деза совг1ат деш хилла царна, шаьш хезачу нахана уьш х1инца дуьйна шайн а, йоллучу юьртан а г1о оьшучу хьолехь буй а хоуьйтуш. Дукха яьхкина иштта холчудаьлла стаг, зуда, шайца болчу нехан тоьшалла, дацахь, да-нана деш, да-нана делахь, церан йиша-ваша деш, кхаба а, делла д1адаллалц дола дан а къонахаша т1елоцуш меттигаш а».
Вайна юкъахь дехачу г1иллакхехь х1етахь а лелла нохчийн нахалахь зуда ялош бераша, баккхийчара самукъенна некълацар. Бакъду, тахана нисло резабацарш, д1асатеттарш, харц-бакъ шайнаш (фальшивые деньги) кхийдош, эвхьазлонаш-м ца яьхкина цуьнца. Доккха, деза, сийлахьчу лараман саг1а лийрина халкъо керла вовшахкхетачу шинна т1ера г1ийла-мискачунна, берашна, я кхечунна (башхо а яц) оцу некъаца луш долу рицкъа...

 


Нагахь вай, ц1арна доцуш, баккъалла а нохчийн лаьтта т1ехь вайн дайша шайн ц1ийца яздина оьзда г1иллакхаш а, къонахийн г1уллакхаш а, сий долу ламасташ а дахийта арадевлла делахь, уггаре хьалха хадо деза нохчийн сий долчу йо1ана т1екхевдина куьг. Иштта карладаккха диэза бертахь йигинчу зудчун лерам бан ца хуучу к1иллошка луьра жоп дехаран г1иллакх а.
Культуран кхерчийн декхар ду шайн ярташкахь, к1ошташкахь вай йийцаре йина тема кегийрхошна кхетор. Кхин а бег1ийла хир ду и юкъалоцуш тайп-тайпа мероприятеш, конкурсаш яр.




checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:

ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости

Это интересно

Календарь новостей

«    Март 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123
45678910
11121314151617
18192021222324
25262728293031

Здесь могла быть Ваша реклама


Вечные ссылки от ProNewws

checheninfo.ru      checheninfo.ru

checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

Я.Дзен

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"