Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Тхьамда


Просмотров: 1 425Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:
Тхьамда
Вайн юкъараллера яйна дIаяьлла, я кегарий хилла дIахIоьттина даарца-маларца нислуш хилла йолу кеп. Иза вайна гонахарчу къаьмнех, дукха хьолахь, къаьсташ ю. Масала, оьрсийн цIийнадена а кхочуш бу, тIевеънарг милла велахь а, церан беро а шен меттара хьалагIаттор ву, ала дашна, гIалгIайн (хIирийн а санна) тхьамда хоржуш Iедал ду тIевеъна хьаша, цунна вайн гIиллакхаш а, юкъарлонаш а ца хуъушехьа; вайн и тайпаниг магочарах дац, хIунда аьлча, чу-тIевогIург, церан васт-амал, тIаккха цаьрца лелон дезарг хууш-кхеташ хила цунна тIедужуш долу дела.


Таханлерачу дийнахь гулбеллачу божарша шаьш шайна юкъара «хьо-ахь» олий харжар нисло тхьамда. Амма нохчийн Iедалшца дуьстича, чохь мел нисвелларг а цIенненан хьеший ларалуш бу, цхьаъ вукхул кхерчаца эвхьаза-хийра хилар бен, башхалла йоцуш. Цундела хIусамнанас, цхьана хенахь корта-накханан шун хьалха диллинарг, тIаьхьо беана кад дIа белларг хуьлуш хилла тхьамда. Иза цо кховдош хилла лула-кертара хIусамца гергарло, я цхьа уьйр лелочуьнга, чохь болчарах дукхах берш дика бевзачуьнга. Цуьнан шен маьIна ду. Тхов кIел доцуш, юьртан юьстах масийтта юьртара нах гулбеллачохь, нагахь цхьана йоккхачу юьртара ши стаг нисвеллачохь, кхечу цул жимачул – пхиъ, гуттар жимачул – ворхI стаг нисвелча, божарша шайна юкъара тхьамда харжа везаш хилча: дукхах болчарна юкъара къастош хилла иза. ХIунда аьлча, дукъ деза а долу дела коча догIуш долу, дуккха болчарна, юкъа эвхьазло ца йолуьйтуш шун дIадахьа атта хир ду олий.

Цхьаццаволчо тхьамдалла шега кхачарх ца тешаш, юха болехь шега и дарж ца кховдадайта гIерташ санна, векачуьра ца соцуш, лен волалой, чу гулбеллачеран са мере кхачош меттигаш дукха нисло. Цуьнца доьзна аьр ас, тхьамдина а ду цхьа гур-доза тоьхна лелон догIурш а, дихкинарш а.
Айа ши кад богIу тхьамдина: хьалхарниг – кху хIусаме хьаша валорна, цуьнца долу иман-беркат кху хIусамехь сов даларе сатуьйсуш а. Хьаша юха а кху хIусаме кхочург хиларх ша тешна хилар гойтуш а. Кху кхерчана тIе богIун болу некъ хьешаша шорбийриг хиларх тешна хуьлу цо ден къамел. Тхьамдас шолгIа кад айича, чохь гулбеллачарна хаа ду, кхин цхьа кад айал бен вайн кху чохь яккха йисина кхин хан цахилар. Шун дерзо деза хан тIекхаьчна бохург ду иза. ШолгIачу кедан хан тIекхаьчча, хIусамнана чукхойкху цо. Цуьнан сий деш ша хьалагIоттий, кад хIусамнена беркатечу куьйгашна а, цуьнан довхачу дагна а тIера айбо тхьамдас кад. КхидIа а уьш могуш-маьрша хуьлийла а, чомехь а, токхехь а мел баарх вуза ца вузуш даггара кхача кечбинчу нанна ма хетта доьзал бертахь, ирс-иман долуш хуьлийла а, вовшийн марзо эцарца, уьш бехийла а лаар хаийтарца дерзадо тхьамдас шен къамел.


Дерзоран кад хIусамдена кхочуш бу. Цо кху чохь кхачанах кхеттачарна баркалла аларца, кад тхьамдина тIера ойу. «Массо хIума а догI-доггIучохь, кIеда-мерза ала а, дан а, цхьанна а вас ца хуьлуш, вовшашца йолу уьйр-марзо совъяккхарца хIара цхьаьнакхетар дIакхехьа доьналла хили тхьамдин. И цуьнан похIма, мел йоккхучу ханна вайна эша ма дойла», - олий, дерзадо цо шен къамел. И кад, стоьлана гонаха Iаш берш хьалагIовттале, молу. Цул тIаьхьа, оьзда берш, хабарийн урх яцйой, сихха дIасакъаьста.
Чуьра стаг араволучу хенахь, хьалха ара хIусамда волу. ТIевеънарг ларван гIертар гучудолу кхузахь. Хьаша хийраниг велахь, тIаьхьаваларан юкъ гена хуьлу. Амма чуьра араваьлларг лула-кертара хилча а, иза кхузза юхахьажжалц чу ца воьрзуш соцунгIа хуьлу хIусамден.




(с) Саид-Магомед Хасиев для Нохчалла.com




checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:

ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости

Это интересно

Календарь новостей

«    Март 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123
45678910
11121314151617
18192021222324
25262728293031

Здесь могла быть Ваша реклама


Вечные ссылки от ProNewws

checheninfo.ru      checheninfo.ru

checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

Я.Дзен

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"