Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

1овдал стега корта (сказка на чеченском языке)


Просмотров: 2 292Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:

Буьйсанна наь1 йетташ хезна сама ваьлла цхьа стаг:
- Мила ву - аьлла х1ара вист хелла.
- Хьа ирс ду - оли цхьа х1ума д1а йоьду. Т1аккха цунах йиссана лар хуьлу, цу ларца х1ара д1а вола ло, воьд-воьдаш х1ара цхьана 1аьржа 1уьрга т1е нисса ло, цунах дехьа а воли х1ара ларца д1а воьду. Воьдаш лоьман т1е кхочу, х1ара оха таь1на воьдуш гой лоьма хоту:


- хьо х1у йейна воьду?
- Хьа ирс ду аьлла цхьа х1ума д1а йаханера, цунах йисаначу ларца воьду – олу. Лоьмас дехар до кхунга.
- Ша даимана корта лозаш ду и лазар х1у дича д1а дера дара хатта хьар ахь цуьнга.
Дика ду олий х1ара д1а воьду. Воьдаш х1ара стоьман беша кхочу. Цу бешан дас а хоту:
- хьо х1у йейна воьду.
Х1окхо буйцу ша хьуш болу некъ. Цу бешан дас кхуьнга дехара до:
- Дитташа заза доккху амма дакъа а лой охьа дужу и лазар х1у дича д1а дера дара хатта хьар ахь цу ирсега хьо т1е кхаьчча.

Воьдаш х1ара цхьана махка кхочу, цу махкан паччахь волчу кхочу, цуьнга а дуьцу ша хьуш болу некъ. Паччахьо дехар до,
- ша паччахь хоьттанча хена дуьйна ша т1емаш беш ву и т1емаш х1у дича совцалур бара теш хаттхьар оц ирсег.
Х1ара кхи д1а воьду. Воьдаш х1ара ирсан т1е ниссало. Ша ду хьан ирс олий иза гуча долу. Хьуна луъа дика дийра ду ша ола. Хь1кху шена х1умма а ца оьшу ол. Ирсо юха а хоту
- Цхьа х1умма а ца оьшу боха ахь?
- шена х1умма а ца оьшу, амма шега дехар динера паччахьо а, бешан дас а, лоьмо а.
Ирсо олу:
- ахь х1у али паччахье - хьо зуда ю, хьай метте цхьа боьрша стаг хаа ве т1аккха хьа т1емаш совцар бу. Бешан дега ала, цу дитташ бухахь дашо ду и схьа эца, т1аккха стом кхуьар бу. Лоьмига ала 1овдал стега корта биъача г1оли хера ю.
Х1ара новкъа волу, ц1ахь берш сагаттадеш хир бу оли. Вог1аш паччахьан т1е кхочу. Паччахьо хоту:
- шен дехарна жоп деани ахь?
Кхо олу:
- Хьо зуда ю. Хьай метта цхьа стаг хаъа ве, т1аккха т1емаш бийра бац ахь.
- Ша зуда юйла цхьнни а ца хаа хьуни бен. Хьо кхузахь саца везар ша йала а йина.
Х1окхо ше 1а йиш яц, ц1ахь бераш шена сагатта деш хир ду оли новкъа волу. Вог1аш бешан да волчу кхочу. Цунга а олу
- хьай дитташ бухара дашо д1а даккха, т1аккха стом кхуьар бу. Бешан дас олу хьо воцчуна кху бухахь дашо дуй а ца хиана, вайшимма и дашо схьаа аьхкина, декъа деза. Х1окхо ше 1а йиш яц, шега паччахь а хали саца аьлча ца сецна, ц1ахь берш шена сагатта деш хир ду оли новкъа волу.
Вог1аш лоьман т1е кхочу, лоьмига олу:
- ахьа 1овдал стега корта баа беза. Лоьмо олу ша 1овдал стаг а лехна схьа дог1ар дара. Кхо олу шега паччахь а хали саца аьлча а ца сецна, дитташ бухар дашо декъа аьлча а ца сецна, шен 1а йиш яц. Т1аккха лоьмо хьоьлла воккха 1овдал стаг хир вац оли и д1а кхоллу.




Турпал Iели дийцар




checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:

ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости

Это интересно

Календарь новостей

«    Март 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123
45678910
11121314151617
18192021222324
25262728293031

Здесь могла быть Ваша реклама


Вечные ссылки от ProNewws

checheninfo.ru      checheninfo.ru

checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

Я.Дзен

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"