Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Безаман шовда (Родник любви) - Чеченская сказка с переводом


Просмотров: 2 786Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:

XIapa бакъ ду-дац, хьанна хаьа, амма наха дуьйцу, Шаройн лаьмнашкахь хьалхалерачу заман чохь вехаш-1аш хилла, боху, цхьа воккха стаг. Б1аьрса дайна хилла цуьнан. Цу стеган дукхе-дукха хаза йо1 хилла цуьнга хьоьжуш, чохь-арахь дан дезарг а деш. Дукха к1ентий хилла цу йо1ана т1ехьийзаш а, и йига лууш а, амма цо къастийна, цунна везаш цхьаъ вара, цундела цо захалонаш т1е ца дуьтура.


Дукха хьалдолчу нехан к1ант т1аьхьаваьлла хилла цу йо1ана, и йига дагахь, амма йо1 цунна а реза ца хилла. Шен захало йо1а т1е ца лаьцча, и к1ант ч1ог1а оьг1аз а вахана, х1уъу а дина а, и ялор ма ю ша, аьлла, араваьлла. Леккха лаьмнашкахь 1аш йолчу г1ам-зудчуьнца барт хилла цуьнан и йо1 ядо. Хийла нехан барт бохийна хилла цу г1ам-зудчо, эладитанаш лелош. Шайн барт хиллачул т1аьхьа, г1ам-зудчо дийнахь а, буса а йо1 тергалъеш, цунна т1ера б1аьрг д1а ца боккхуш хилла.


Цхьана дийнахь шовдана йисте хи дан а, шена везачу к1антаца вовшахкхета а йоьдуш хилла йо1. Къайллах и тергал а йина, катоьхна схьа а лаьцна, ядийна г1ам-зудчо. Шовдана йисте йо1 ган цунна везаш волу к1ант а хилла говрахь вог1уш. К1антана геннара гина г1ам-зудчо ядийна хьош йолу йо1. Пори-г1оддах шед тоьхна, говр д1аэккхийтина, к1ант царна т1аьхьа ваьлла. Юхахьаьжначу г1ам-зудчунна шена т1аьхьакхуьуш воллу к1ант гина. Шен берриге а ницкъ гулбина, дукха сиха хьалаедда, Шаройн лома буьххье а яьлла, сада1а охьахиъна г1ам-зуда. Эццахь т1аьхьакхиинчу к1анта, динара кхоссавелла, схьалаьцна г1ам-зуда. Цо ша схьалоццушехь, теттина 1инах чукхоьссина зудчо йо1.

Чов хилла дарделлачу лоьман санна мохь-ц1ог1а делира к1ентан кийрара. Шаьлта тоьхна, г1ам-зуда кхоьссина д1а а дахийтина, йо1ана т1аьхьа 1ин чу иккхина к1ант.
Хилларг ла ца делла, 1алам тохаделира, 1аьржа мархаш вовшахтасаелира. Кхоьвссина дог1а доладелира. Лаьмнаш т1ера хин 1овраш охьахьаьлхира.
Т1аккха, дукха хан ялале, мархаш д1асаяьржира, дог1а сецира, малх хьаьжира, дуьне серладелира.
Цхьана боккхачу чхар к1елахь тата делира, латта дуса а делла, цу чуьра араиккхира шовда. Д1асакхоссаделла, ницкъах дуьзина, шен го к1арг а бина, шор а бина, эшаран г1овг1анца охьахьаьдира хи.
Йо1 ц1а ян хьеелча, даго вониг хьоьхуш, кхин 1а а ца велла, б1аьрзе да шен йо1 лаха араваьлла. Хьалха Iaca луьйзуш, йо1е кхойкхуш воьдура воккха стаг. Цунна жоп луш санна, г1овг1а алсамъяьккхира шов дано. И г1овг1а хезачу arlop вахара да. Шовдана т1е ша кхаьчча, к1ад а велла, сада1а охьалахвелира и.
— Ва, дела, сан йо1 мичахь ю-те, х1ун хилла-те цунна? — бохуш, синош дохура холчух1оытинчу йоь1ан дас.


Цу дешнашна дуьхьал шовданан г1овг1анца схьахезара йоь1ан узарш.
Хи мала, шовданан хи мала, — шега бохуш санна хийтира дена. Охьа а таь1на, канаш чохь хи а эцна, д1амелира цо. Щеххьана шен дег1е ницкъ бог1уш хааделира цунна. Ша къонвелча санна, хийтира воккхачу стагана.
Юха, цхьаммо шега гlo доьхуш санна, хийтира цунна. Ша б1аьрзе хилар диц а делла, мила ву-те иза, аьлла, д1авирзира йоь1ан да, аз хезачу аг1орхьа. Б1аьргаш т1ера пардо д1адоккхуш санна, т1еда ши куьг хьаькхира цо б1аьргех — са гира цунна.
Шовдан чу хьаьжира воккха стаг: шовда схьадолучу меттахь, хи бухахь, вовшах а хьаьрчина, Гуьллуш шен йо1 а, цунна везаш хилла к!ант а гира цунна. Цу шинна гена йоццуш, г1ам-зуда а 1уьллура. Кхузахь хиллачух кхийтира йоь1ан да. Шен йоь1ан а, цу к1ентан а декъий схьа а даьхна, цхьана каш чу д1адоьллира цо. Ткъа г1ам-зудчуьнан дакъа, гена лам чу д1а а дихьина, цхьанна а ца гучу д1адоьллира воккхачу стага.
Цу хенахь дуьйна цу шовданах безаман шовда, аьлла, ц1е тиллира шовданан йисте бог1учу кегийчу наха.
Наха дуьйцу, Шара-Органан г1овг1ане эшарехь ши аз ду хезаш, бохуш: йоь1ан хаза, ц1ена, зоьвне аз а, доьналлех дуьзина, гlopгla к1ентан аз а.
Суна а хезна и аьзнаш, хьо ца тешахь, ваха а г1ой, ахьа а ладог1а.



На русском языке (перевод)




checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:

ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости

Это интересно

Календарь новостей

«    Апрель 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
1234567
891011121314
15161718192021
22232425262728
2930 

Здесь могла быть Ваша реклама


Вечные ссылки от ProNewws

checheninfo.ru      checheninfo.ru

checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

Я.Дзен

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"