Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Пхьармат (Прометей) - Чеченская сказка с переводом


Просмотров: 2 695Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:

Хьуна дала дика дийриг, диканца хьо дукха вахарг, вонна хьо т1аьхьатеттарг, диканна хьо хьалхавахарг! Дийцаний-аьллий, х1ун ду хьуна, ас цхьа туьйра дуьйцур ду хьуна, тур-тамаша буьйцур бу хьуна. Лунан лергаш самадахалахь, берзан б1аьргаш серладахалахь!..


Аса хьуна дуьйцур ду оцу д1огарчу Башламанан коьртехь ло маца дуьйна 1уьллу, шерачу аренашкаххьий, ламанийн басешкаххьий хаза хьожа йолу бецашший, тайп-тайпана зезагашший маца дуьйна дуьйлу...
Мацах хьалха заман чохь и д1огахь шуна гуш долу лекха лаьмнаш кхин а лекха хилла, церан кортошкахь х1инца санна лой, шай а доцуш, хаза бецашший, зезагашший хилла. Ткъа хьалха заман чохь цкъа а ца дешаш лой, шай к1оргачу 1аннашкаххьий, ламанийн басешкаххьий, шерачу аренашкаххьий хилла.
Оцу хенахь вайн дай, наьрт-орстхой, 1аннашкаххьий, хьехашкаххьий, лекхачу б1аьвнашкаххьий бехаш-1аш хилла. И д1огара лаьмнаш санна лекха хилла уьш. Церан дой а хилла иштта даккхий. Черчий санна ницкъ болуш хилла наьрт-орстхой, берзалой санна майра хилла, ц1оькъаш санна каде хилла, цхьогалш санна мекар хилла.

Катухий, атта схьайоккхий, ламанан тарх кхуссуш хилла цара, мохь тухий, ламанаш декош хилла, ц1ог1а тухий, стигланаш егош хилла цара. Делахь а г1орасиз хилла уьш — ц1е ца хилла церан карахь.
Ницкъ болу Села къиза хилла, 1азапе хилла. Иза хилла стигалан да, ц1е а цуьнан долахь хилла.
Х1ун пайда бу ницкъан а, цунах адамашна дика долуш ца хилча?
Х1ун пайда бу ницкъан, цунах адамашна 1азап-бала хуьлуш хилча? Наьрт-орстхошна, шегара ницкъ гайта, ц1еран хьорканаш т1е а хоий, инзаре йоккха г1овг1а г1аттош хилла Селас, стигала каглуш, дакъанаш хуьлуш, охьат1ейоьлхуш санна хоьтуьйтуш, ерриг стигала а къекъош. Села 1аш волу стиглан 1аьрчеш даима 1аьржачу мархаша хьулдинера. Дог1анах юзайой, мархаш лаьтта хьовсайой, оцу дог1анах ша, къора лаьтта елхайора Селас, адамашна т1е кхин а доккха 1азап доссош. Кест-кестта цо, нуьрах-ц1арах дина стела1ад кара а оьций, лаьтта стелахаьштигаш кхуьссура, дерриге а гонд1ахь дагош.
Дика а, вон а Селин карахь дара. Бонна комаьрша вара Села, диканна — сутар вара...
Дика къаьхьачу къица къийсамехь доккхура адамаша, ткъа вон — Селас ша луш дара.
Стигалний, лаьттаний юккъехь даима мостаг1алла лаьттара.

Селиний, адамашний юккъехь даима къийсам лаьттара. Наьрт-орстхой балано мел та1ий, г1адъоьхура Села. Села г1ад мел ихи, г1айг1ане йоьдура Сата. Сатина ч1ога лаьара наьрт-орстхошна гlo дан, амма Селех кхоьрура иза.
Оцу хенахь ломахь вехарш вара ницкъ болу наьрт Пхьармат, шен пхьалг1и чохь, нахана г1уллакх а деш. Дика пхьар хилла иза.
Пхьармат эсала, комаьрша, ницкъ болуш наьрт хилла. Къамел к1езиг а деш, къа дукха хьоьгура Пхьармата. Ойланаш дукха йора, адамийн балина, х1ун г1оли йийр яра-те, бохуш. Цо ойла йора, Селин долара а яьккхина, адамашна ц1е муха яхьар яра-те, бохуш. Бертахь ца лора иза Селас.
Ша дуьнен чу ваьлчахьана, нахана юккъера диканиг, оьзданиг, хьекъалениг схьагулдеш вара Пхьармат.
Цуьнан дин Турпал гуттара ломахь парг1ат лелара.
Олуш хиллера наьрташа Пхьармате:
— Дин беречунна к1елахь бахчало, къонах къийсамехь вахчало. Хьан дин парг1ат х1унда лела?
Пхьармата жоп луш хиллера:
— Сан дин бахчабелла бу. Хан т1екхаьчча, сан дино стиглара хаьштиг дахьар ду!
Цхьана дийнахь Пхьармата шен Турпале мохь тоьхнера, Органан ч1ож декош, ламанаш дегош, самаваьккхина, Селига aгlo хорцуьйтуш. Геннахь ломахь бежаш болу дин, шен да кхойкхуш хезна, дуьхьал терсира. Ткъес санна маса кхечира Турпал шен дена Пхьарматана дуьхьал. Караийцира Пхьармата чхьонкар1, т1едуьйхира йоьзан гlaгl2, хаьн т1е оьллира пхерчех юьзина хумп1ар3, пхьаьрсах къевлира булийн не1арх йина йолу туре4, коча тесира секха1ад5, юкъах дихкира тур, буйна къоьвлира буьххьехь йоьза вед йолу г1оьмакх6.
Шен Турпал динна юткъа нуьйр а тиллина, хьехан ма1а юьззина доьттина йий а мелла, бакхах7 санна ког латийталахь сан, бадах санна куьг латийталахь, аьлла, дина а хиъна, цкъа а цхьа а ца ваханчу, вахнарг вуха ца вог1учу новкъа велира иза. Наьрт-орстхоша Пхьармат воьдучу новкъа борц хьаьрсира, некъ дика хилийта, аьлла. Макхах буьзна мок х1оттийра: «Воьдуш, вайн-веса хуьлда хьо, вог1уш веза-вуьзина хуьлда хьо!» — аьлла.

Дукха ихира Пхьармат. Bopxl дийнаххьий, ворх1 бусий некъ бира цо. Bopxl 1ин, ворх1 лам хадийра цо. Шена т1ехь Села вехаш йолу стигал хьалалаьцна лаьттачу Башламанан духхе кхечира Пхьармат. Нисса хьала йолчу инзаре халачу басешкахула ирх некъ бира Пхьармата. Башламанан коьрте велира иза. Башламанан коьртехь хаза хьожа йолу бецашший, тайп-тайпана зезагашший дара.
Оцу Башламанан коьрте сада1а юссуш хиллера маьлхан нур догу Сата, Села-Сата, Селин езар, наьрт-орстхойн нана.
К1айн олхазар хилла дуьхьалъелира иза Пхьарматана. Адамийн маттахь цуо элира:
— Х1ай ницкъ болу наьрт! Хьо лаа-тара ца ваьлла х1окху Башламанан буьххье.
— Бакъду иза, комаьрша олхазар, со лаа-тара ца ваьлла х1окху Башламанан коьрте. Со стигалан кхерчара адамашна ц1еран хаьштиг дахьа веана, и доцуш, вухавоьрзур волуш а вац, — жоп деллера Пхьармата.
— Дикачу г1уллакхана араваьллачуьнан некъ дика ца хилча, амал дац. Аса гlo дийр ду хьуна, — аьлла Села-Сата.
Юха а хаьттинера цо:
— Дин дика буй хьан?
— Мохал маса бу сан дин, — жоп деллера Пхьармата.
— Ницкъ болуш буй хьан дин?
— Сан дино берг тоьхначохь, шовда гучудолу.
— Ницкъ болуш вуй хьо хьуо?
— Сан карахь шийла боьрза бакхал а, балозал а к1еда хуьлу, — элира Пхьармата.
Села-Сата дийцира Пхьарматана муха, муьлхачу новкъа вахча, кхачалур ву Селин кхерча, дийцира цуьнан кхерчара ц1еран хаынтиг муха эцалур ду.
— Села х1инца вижина хир ву. Мох санна чехка хьайн дин д1ахахка. Селин кхерчана т1оьхула кхоссабалийта иза. Цу чохь йогуш йолчу ц1арна хьо т1е ма нисвеллинехь, охьа-чукховдий, катохий, ц1еран хаьштиг схьаэца. Цул т1аьхьа хьайн дин, юханехьа, нисса Башламанехьа хахка. Ларлолахь! Инзаре ву Села! Къиза ву Села! Иза самавалахь, дийна д1авохуьйтур вац цо хьо а, я хьан дин а. Лаьтта ц1еран хаьштиг д1акхачор дац ахьа т1аккха.

Иштта, Сатас ма-хьеххара, г1уллакх дира Пхьармата.
Чехка хахкабелла, Селин кхерча т1оьхула кхоссабелира Пхьарматан дин. Охьакхоьвдина, ц1еран хаьштиг схьаэцна, Башламанан коьртехьа хаьхкира Пхьармата шен дин. Дин сов маса хьадарна, хаынтига т1ера г1оьвттинчу суйнаша дехха ц1ога диллира Пхьарматана т1ехьа. И суйнаш меран1уьрга дахана, самавелира Села. Гира цунна майрачу наьрто шен цlepгapa хаьштиг хьош. Хаьара Селина, ц1е караеъча, стаг ницкъ болуш а, майра а хир вуйла, т1аккха иза шена дуьхьал г1оттур вуйла.
Боккха ницкъ карабахнера стагана. Кхеравеллера ницкъ болу Села. Доккха орца даьккхира Селас майрачу наьртана Пхьарматана т1аьхьа. 1аьржа буьйса чохь йолу китт8 схьадаьстира Селас. Пхьарматана шен куьйгийн п1елгаш ца гуш, динан лергаш ца гуш, 1аржъелира. Са ца гуш дисира Пхьарматтий, цуьнан динний. Ахкачу а дахана, х1аллакьхиларна кхерам бара и шиъ. Амма тамашина хазачу олхазаро Села-Сата, хьалха а даьлла, шен исбаьхьачу эшаршца некъ хьоьхура царна.
1аьржачу буьйсанан ницкъ ца кхаьчна, наьрттий, цуьнан динний сацо. Т1аккха Селас схьадаьстира шен дарц чохь долу китт а. Чехка дарц т1аьхьахийцира Селас Пхьарматана. 1аьржачу буьйсаной, чехкачу дарцой ч1ог1а хьовзийра Пхьарматтий, цуьнан динний. Т1аккха а, хазачу олхазаро Села-Сата, шен т1емашца дорцана дуьхьало еш, шен эшаршца некъ хьоьхура царна.
Пхьарматана гира, шен карара догуш долу хаьштиг, чехкачу дарцо дойуш. Ц1е йоцуш, лаьтта восса таро яцара цуьнан. Шен чета диллира цо иза. 1ожаллин хелхарца майрачу наьртана гонах хьийзара буьрса дарц, 1аьржачу буьйсано б1арзвинера, четахь долчу хаьштиго накха морцура. Дукха ч1ог1а ласторна, Органан хиш мокхазан бердашкара юьстах тийсинера, даккхийра нежнаш, орамашца бухдаьхна, чан хелигаш санна, стигалхула идадора.

Селина гира я 1аьржачу буьйсане а, я ч1ог1ачу дарце а наьрттий, цуьнан динний сацалуш цахилар. Зен-зулам доцуш, стигалан орцанах наьрт к1елхьараволуш лаьттара.
Т1аккха схьадаьстира Селас морса шело чохь йолу кхоалг1а китт а.
Морсачу шелоно ламанан тархаш лоьлхуьйтуш, ламанаш хабийнера, делахь а майра наьрт Пхьарматтий, цуьнан дин Турпаллий хьалха д1аоьхура.
Ч1ог1а кхеравелира Села. Цунна гира майра наьрт Башламанан охьа буххе кхочуш. Х1инца к1елхьараволуш лаьттара иза. Сов ч1ог1а г1ирвоьлла, ц1ерах-нуьрах дина, шен стела1ад схьаэцна, наьртана т1аьхьа стелахаьштигаш кхийса вуьйлира иза.
Стелахаьштигаша ламанаш лестадора, г1орийна лаытина шовданаш доладалийтира, Органан тулг1еш, къаьхкиначу жан метта санна, ламанан басешкахула д1ай-схьай хьовдийтира, ламанан лекха тархаш, дийна йолуш санна, меттахъхьера.
Морсачу шелоне а, ч1ог1ачу дарце а, 1аьржачу буьйсане а, стелахаьштигашка а ца сацавелира майра наьрт Пхьармат. Шега хьуьйсуш наьрташ болчу йоккхачу хьеха чу д1акхечира иза.

— Х1ан! XIapa ю шуна ц1е! — элира Пхьармата цецбоьвллачу наьрташка.
— XIop б1аьвна чу, xlop хьеха чу, xlop г1али чу латаелаш ц1е! Паттаелаш йоккха алу! Xlop ц1а чохь хилийталаш ц1е! Хилийталаш йовхо! Хилийталаш серло!.. Ма яйталаш ц1е цкъа а! Хуьлда шу ирс долуш!
Т1аккха оцу хенахь йоккха г1овг1а г1аытира, Селас т1ом беш... Стигал яра лаьтте гуттаренна а мостаг1алла хьедеш! Стаг вара Селига гуттаренна а къийсам хьебеш! Села, г1ирвоьлла, оьг1азвахнера!
— Ирс долуш хуьлда шу! Шуна т1ера Селин 1азап д1аайархьама, со 1азапе вожа везаш ву! Ире долуш хуьлда шу! Суна г1айг1ане ма хилалаш!
Майра наьрт Пхьармат стелахаьштигашний, шелонний, дарцанний, 1аьржачу буьйсанний дуьхьал вахара Башлам т1е. Цуьнан коьрта т1оьхула стелахаьштигаш лелхара, дарцо д1ай-схьай веттара иза, куьйгаш-когаш шелоно дахьийнера цуьнан. Иза Села вара, оьг1азваханчуьра васта ца луш.
Башлам т1е, шена дуьхьал стигалан 1аьрчашка хьалавог1уш майра наьрт гича, Селас меллаша китташна чу уьйзира дарцций, шелой, буьйсий. Аренашкара, 1аннашкара, лаьмнийн басешкара шело, цкъа а ца дешаш 1иллина ло, гlypa меллаша Пхьарматана т1аьхьа Башламанан коьрте хьалаяхара. Лайн, шан йийсаре бахана д1ах1оьттира Башламанан корта, цкъа а кхин д1а ца яккха, цуо шен коьртах к1айн башлакх хьарчийра.
Мохь туьйхира Селас:
— Айхьа стиглара йихьначу ц1арах хьегавойла хьо! Йовхонах хьегавойла хьо! — аьлла.
Шен тешаме лай, цхьа б1аьрг болу 1ужа, вахийтира Селас Пхьарматана дуьхьал гезан з1енаш9 а эцна. Башламанан коьрте д1авихкира 1ужас Пхьармат оцу з1енашца.

Пхьарматана 1азапна, аьлла, Селас хьалагулйинчу шелоно, г1урано, лайно Башламанан корта, гlopoш, д1алецира.
Пхьармата лаьтта еанчу ц1аро дерриге дуьне дохдира, аренаш, ламанийн басеш, к1орга 1аннаш хаза хьожа йолчу бецаший, тайп-тайпанарчу зезагаший дукъдина д1ах1иттийра.
Массо а 1уьйранна д1авихкина волчу Пхьарматана т1едог1у дерриге а олхазарийн эла Ида. Пхьарматан голаш т1е охьахуий, даима цхьа хаттар до цо:
— Х1ай декъаза Пхьармат! Х1ай къинан Пхьармат! Дохковаьллий хьо, айхьа динчунна? Хьо дохковаьллехь, аса хьавийр вац хьо, ца ваьллехь, хьан до1ах дожур ду со!
Шена хин долчу инзаречу 1азапан ойла ца еш, гуттара а цхьа жоп ло Пхьармата:
— Х1ан-х1ан! Дохко ца ваьлла. Аса адамашна ирс делла, аса адамашна йовхо, серло елла! Дина даьллачу дикачу г1уллакхана дохковала мегар дац!
Ткъа олхазарийн эла Ида, шен болатан з1ок, мокхазан т1улгех хьокхий ир а йой, Пхьарматан до1ах дажа долало.
Пхьармата цхьа узар ца бо. Цуьнан б1аьргаш чу цкъа а т1уналла ца юссу. Доккхачу доьналлица, воха ца вухуш, лов цо и доккха 1азап, и доккха лазар.
Оццу хенахь дуьйна схьа ду-кх вайнехан, наьрт-орстхойн къонаха воьлхуш цахилар. Оццу хенахь дуьйна ду-кх, ламанийн баххьашкахь, даиманна а ца дешаш, дижина 1уьллу луо, ша хьоькхуш, шийла дарц. Пхьармат Башламанан коьрте д1авихкича, цунна 1азапна, аьлла, Селас цига хьалагулдина-кх иза, даиманна а иза йовхонах хьего, ц1арах хьего.
Оццу хенахь дуьйна схьа ду-кх шерачу аренашкаххьий, к1оргечу 1аннашкаххьий, ламанийн басешкаххьий хаза хьожа йолу бецашший, тайп-тайпана зезагашший. Оцу хенахь дуьйна схьа ю-кх лаьттахь йовхо, беркат, серло. И йовхо адамашна Пхьармата еана! Ткъа Пхьармат д1авихкина ву оцу Башламанан буьххье. Иза даиманна а доккхачу 1азапехь ву, амма цкъа а лийр вац иза! Турпал ца ле! Турпал даим веха!

 

На русском языке (перевод)


checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:

ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости

Это интересно

Календарь новостей

«    Март 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123
45678910
11121314151617
18192021222324
25262728293031

Здесь могла быть Ваша реклама


Вечные ссылки от ProNewws

checheninfo.ru      checheninfo.ru

checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

Я.Дзен

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"