Мультипортал о Чеченской Республике

Чеченская сказка про змею (с переводом)


Просмотров: 1 188Комментариев: 0


ДАЙДЖЕСТ ПРЕССЫ:

Текхарго аьлларг

 

Хьалхалерачу заман чохь вехаш-Iaш хилла цхьа онда нарт. Адамашна чIогIа оьгIаз а вахана, церан юрт ягийна цо. И ягийна ша ваьлча, луьстачу хьуьнан йисте а вахана, мохь тоьхна цо дийнаташка а, сагалметташка а:
— Дадалург, дада, тIема дала ницкъ берг, тIема дала! Со кху хьуьнах сийна цIе лато воллу! — аьлла. Кхин хьем ца хуьлуьйтуш, ша ма-аллара, хьуьнан цхьана маьIIера дуьйна цIе тесна наьрто. КIелхьаравала ницкъ кхаьчнарг, кIелхьарволуш, цIеран гIовгIа бен йоцуш, тийналла хIоьттина хьуьнхахь.
Яьгна яьлла хьун. Хилларг, хIун ду-те, аьлла, хьуьн чухула волавелла наьрт. Хьуьнан цхьана маьIIехь, алу тIехь бетталуш, текхарг гина наьртана.
— Дакъаза ма бала хьо, текхарг, xIapa цIе йиллале, аса тоьхна мохь ца хезира-те хьуна? ХIунда Iий-те хьо кху цIера юккъехь? — хаьттина наьрто, гуш долчу суртах цецваьлла.

 

— Хаза-м дера хезира суна, наьрт, ахьа аьлларг, ца хезира ала бакъо яц сан. Бакъ ду, наьрт, кху хьуьнхахь бина а, кху лаьттахь кхиъна а бара со. Ахь бохург а дина, бовзазчу хийрачу махка а бахана, кхечарна несалахь хуьлучул, кху сайн махкахь балар нийса хийтира суна. ХIокху лаьттан экъан тIехь суна массо а хIума ду гергара, xIapa бу сан дайх бисина кхерч. Кхузахь сайн лаамехь Iожалла тIеэцар вуно нийса хета суна, — аьлла бала бетталучу текхарго, ца кхеташ, цецваьлла шега хьоьжучу наьрте.

  

 

Что сказала змея


Давным-давно, в незапамятные времена, озлобился на людей великан-нарт и сжег деревню, а потом вышел на опушку густого леса и крикнул животным и насекомым:
— Кто может бежать, бегите, кто может лететь, летите, хочу сжечь этот лес синим огнем!
Больше не предупреждая, как он и обещал, поджег лес с одного края. Кто сумел спастись — спасся. В лесу наступила тишина. Слышался лишь треск огня.
Лес сгорел дотла. Нарт пошел по пепелищу посмотреть, что там случилось. В одном уголке леса нарт увидел змею, которая пыталась спастись от пламени.
— Ах, ты, несчастная змея! Неужели ты не слышала моего крика до того, пока не начался пожар? Почему ты замешкалась в этом огне? — спросил нарт, удивленный тем, что увидел.


— Я слышала, нарт, твой крик, как могу я сказать, что не слышала. Но я родилась в этом лесу, и эта земля кормила меня. Поэтому я решила не следовать твоему совету. Чем прислуживать в чужой стороне, я выбрала смерть на родине. На этой земле все дорого для меня, тут был мой очаг, оставшийся от предков. И мне кажется правильным достойно по своей воле здесь встретить свой смертный час, — сказала извивающаяся в огне змея нарту, который удивленно смотрел на нее — он не мог этого понять.

Источник: nohchalla.com



checheninfo.ru

Добавить комментарий

Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив

Время в Грозном

   

Календарь новостей

«    Сентябрь 2020    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123456
78910111213
14151617181920
21222324252627
282930 

Смотреть все новости

БОЛЬШЕ ИНТЕРНЕТ-НОВОСТЕЙ

Вайчат

Это интересно

Наши партнеры


Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"