| ДАЙДЖЕСТ: |
Абубакарова Петlамат
Кхоллараллийн декъехь къахьоьгучарна доккха совг1ат ду х1ара карара 2015 шо, вайн пачхьалкхо Литературни шо аьлла д1акхайкхина хилар. И кхайкхам беркате хиларе дог дохуш къахьоьгучарех, шен къоламца машаре з1енаш лоьхуш, массо къаьмнийн барт хиларе сатуьйсучарех цхьаъ ву вайн махкахь а, арахь а дика вевзаш волу поэт Ахматукаев Адам. Ахматукаевн кхолларалла х1инцалерачу заманна мохь бу, цуьнан лирикин турпалхо даим лехамехь а, къовсамехь а ву дахаран чолхе киртигаш х1уьттучу муьрехь. Адам ша байташ язйина ца 1аш, даима саготта хилла ву къаьмнийн литературин хила дезачу гергарлонна. Цундела цуо дуккха а къахьоьгу гочдаран проблема яста г1ерташ а, ша оьрсийн маттера вайн матте х1инцалерачу поэтийн байташ яхарца а. Адаман байташ а ю дукхахаерш оьрсийн матте гочйина.
Царна юкъахь тоьллачех а, символически маь1на долучарех а ю Адам Ахматукаевн «Латтийтийша дитт» ц1е йолу байт. Ларамаза дац цу байтан ц1арах антологи оьрсийн поэто х1оттаяр а. Ткъа иза Адаман кхиам хилла ца 1а, иза ерриге а Нохчийн къоман литературо дуьненан юкъарчу къаьмнашка тесна г1улч ю, вайн къам, мел хало лан езнехь, шен синмехалашца лакхарчу т1ег1ан т1ехь хилар гойтуш йолу. Адаман стихашца цхьаьна «Латтийтийша дитт» гуларна юкъа яхана нохчийн къоман шен карзахе, дог ц1еначу сица нуьре лар поэзехь юьтуш хеназа кхелхинчу Юсупов Ибрах1иман байташ а.
Иштта гуларна юкъе яхана ткъех маттера 55 авторан байт. Бакъболчу бартан з1ийдигаш го вайна цу антологехь.
2014 шарахь, сентябрь баттахь Астраханехь Россин, Азербайджанан, Казахстанан,Туркменистан, Иранан вовшех дазаран г1уллакхан хьокъехь хиллачу саммитехь, Казахстанан куьйгалхочо Назарбаевс далийна хьалха заманахьлера кица иштта маь1на долуш дара: «Х1ордаша латтанаш доькъу, амма къаьмнаш цхьаьна туху».
Шеко йоцуш, саммитан беркате т1аьхье а ю Астраханехь вовшехтоьхна Литературни форум а, цу форуман коьрта 1алашо – литературин барт – къаьмнийн бартехь гар а, и барт юкъарчу ницкъаца кхио безаш хилар а. Лакхахь хьахийна ойла кхочушъярехь доккха дакъа ду тахана кхоллараллин адамо лоцушдерг. Ткъа вайн нохчийн къомана боккха юьхьк1ам бу тахана яздархойн союзан ц1арах нохчийн литература йовзуьйтуьш Ахматукаевс мехалчу форумехь дакъа лацар.
Нохчийн къоман коллараллийн нехан ц1арах поэтана даггара баркалла ала лууш вошехтоьхна ас х1ара сайн йоза. Дала т1аьхье беркате йойла!
Источник:: журнал "Нана"
![]() |
Российская база в Армении в контексте двусторонних отношений: чего ожидать далее?
АЗЕРБАЙДЖАН. Мир между Арменией и Азербайджаном уже фактически установлен — Пашинян
АЗЕРБАЙДЖАН. Соглашение по "Маршруту Трампа" скоро внесут на ратификацию в парламент Армении
АЗЕРБАЙДЖАН. Провокации в соцсетях бессильны перед отношениями Анкары и Баку - эксперты
АЗЕРБАЙДЖАН. Путин поздравил победителя и призеров из России на ЧМ по дзюдо в Баку
АЗЕРБАЙДЖАН. 1/5 площади Каспия превратится в сушу к концу века – РАН
АРМЕНИЯ. Ситуация на Южном Кавказе существенно изменилась – Пашинян
АРМЕНИЯ. Три ветви армянской диаспоры: влияние, значение, отношения с Ереваном