Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Хьаналла некъаш. Назиров Лукъман


Просмотров: 1 247Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:


 Назиров Лукъман
 
КЪАНОЧУН ОЙЛАНАШ
 
Сан экаме къена дегI, хьо ма гIийла лаьтта.
Оллийна сирбелла корта, хьоьжуш лаьтта бIаьра.
Эшна гIора, бIаьрса, лерса – дац и хьуна атта.
КIеззиг бен хан йисна яц, хьо къовла лаьтто мара.
 
Ткъа со вац ва, хIай сан дегI, хьо темашца хьистинарг,
Бабин хазчу йоIаца хийла дагара дийцинарг.
Къона ойла тIома юьйлуш, лаьмнашна го тийсинарг,
Сенчу регIа басе вуьйлуш, пондаран мерз бекинарг.
 
Хезна вара бераллехь олуш баккхийчара,
Дог даима лаьтта къуона, дегI даларах къан.
Атта ма дац суна тахна къийса къоначаьрца
Реза дац сан дегI а хьуна де дарна хьан.
 
Айбе корта, белла ши бIарг, дIасахьажа дуьнене,
Сел хазачу цунна дуьхьал ловзуш майрра гIуо.
Къар ма лолахь, тиш ма лолахь яларх хан хене.
Къар ма лолахь детта мел ло кийрахь дилхан дог.
 
 
ИРС
 
Ирс муха хуьлу те, и стенах олу,
ХIора ву лоьхуш цу хаттарна жоп.
Кхочуш хилахь лаам шен дагахь болу,
Хьоьгур ду моьтту ша цуьнан зовкх.
 
Ирс деца хаар хIун ю шен Iалашо,
Шена хьалха хIоттийнарг дуьненчу вогIуш.
Вахийта лаьтта тIехь Делан бен лай воцуш,
ХIумма а йоцучух ша Кхоьллинчо.
 
Дел-ненан терго е, хьайн Дела везаш,

Цо тоьхна дозанаш лар а делахь.
Дикачух даима хилалахь тешаш,
Вочунна т1аьхьа ваза хеталахь эхь.
 
Лахалахь дахарехь хьаналла некъаш,
Хьарама долчунна тохалахь букъ.
ТIаккха ма хир ву хьо са паргIат вехаш,
Везаш хьо хир ву-кха луьйчарна бакъ.
 
Ма гIерта х1ара дуьне хьайн мара къовла.
Кхачам бе оьшшучул деллачух хьайна.
Хьайл хьалха баьхначийн елахь цкъа ойла,
Цара а дитина деззашехь шайна.
 
Бакъдерг къуьйссучохь ахь лехахь хьалхе,
Харцонна дуьхьала айадахь тур,
Хир ву хьо гуо бина йоцчара шалхе,
Хьийзар ду хьуна тIехь сийлаллийн нур.
 
ХьагI-гамох, Iосаллех ц1ена белахь кийра,
Цу сакхтех варвала ницкъ кхаьчнехь хьан,
Т1аьхьашха луьйчарах хиллехь хьо хийра,
Кхетар бу-кх хьуна а бакъ-ирсан чам.
 
 
СИХА ЗАМА
 
Маржа-яI хьо маьлха дуьне ма сихделла хьийза хьо,
Малх схьакхетта балале буза герга бахна го.
Буьйса дийнал хьалха яла гIерташ санна хетало,
Селхана ловзуш лелла бераш, тахна даккхий хилла го.
 
Соьналлица Iалам хаздеш бIаьста арахь яьлла буц,
Сихлой йогIий гуьйре кхочий, мажло дойуш лаьттан куц.
Шарал деха вайна хеташ деъна шийла, буьрса Iа,
Безамана аьлча санна, лайн чим кхуссий долу дIа.
 
Дуьне. Хьайн исбаьхьаллица ма гIерта цецбаха нах,
Деригге хьо схьа эцча а бац хьан баби йоьIан мах.
Хьан жовхIарш а, деши-дети шен дола а дерзийча,
Хьаьвзар ма бац цхьаьнна корта езаро ца хьаьстича.
 
ДIо хийистехь дагара дуьйцуш лаьтташ волчу кIантана,
Шеко ма яц гуш цахилар вайн заманан сихалла.
Гурахь аьлла йиллина хан, шен сил дукха езачо,
Яхъяларна баьлла цунна лерга юххехь къоьжа чо.
 
Цхьаъ реза вац, дуьне, хьуна, сиха йоьду бохуш хан.
Вукхо дераллийца боху меллаша ду буолар хьан.
И ший да а реза ван хьайн ойла яккха дIа.
Хьийзалахь хьуо ма хьийззара, кхоьлличхьана дуьйна схьа.
 
 
САМАВАЛА, НОХЧИ
 
Самавала, хIай нохчи, тиларан набарах,
Iин йисте кхаьчна хьо, ма вала дакъаза.
ЛадогIа цхьа кIеззиг, ца вухуш собарах,
Хьо веца схьаваьлларг яхь йолчу нахах.
 
Хьайн нанас везарца хьуо мара ва къуьйлуш,
Шен накха баабеш хьан бIаьра ва хьоьжуш,
Мукъамца хьайн лерехь бийцина ненан мотт,
Ца вешаш дIатесна, буьйцу ахь нехан мотт.
 
Халонех чекхдохуш, дас воIе кховдадеш,
Геннара схьа деъна дайн хаза гIиллакхаш,
РагI хьайга ва кхаьчча, церан зIе хадаеш,
Дай хетта дити ахь и шира Iадаташ.
 
Зударийн лерам бар лоруш шайн сийлалла,
Дайша ца йоккхура логера нуьйда.
Хьо-м лела нахалахь эхь хетар дIадаьлла,
Бен-башха ца хеташ, ваьлча санна уьйтIа.
 
ДегIан оьздангалл, ненан мотт, дайн гIиллакх
Г1ора хьайн кхачийна леладан денна,
Тесна ахь дитача са кIезиг ва хилла,
ХIун масал гойту ахь кхуьучу тIаьхьенна.
 
Ледарчу тIаьхьено дай хестор бу баьхна,
Яхь цалуш, юкъ къуьйлуш баьхначу вайн дайша.
И дешнаш ваьшна хьакъ ца хуьлу некъ лехна,
Чекхдовла хьуьнар вайн кхочур ду, со теша.
 

 

 


Источник:: журнал "Нана"




checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:

ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости

Это интересно

Календарь новостей

«    Апрель 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
1234567
891011121314
15161718192021
22232425262728
2930 

Здесь могла быть Ваша реклама


Вечные ссылки от ProNewws

checheninfo.ru      checheninfo.ru

checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

Я.Дзен

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"