Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Юсупов ИбрахIим. Зама йоьду хьаьдда...


Просмотров: 2 559Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:

 

Юсупов  ИбрахIим
 
* * *
Сан дашо сахьт ду-кха стоьла тIехь Iуьллуш,
Стомара дуьйна дIа иза-м ду сецна.
Ши цхьамза лаьтташ бу – кIадбелла-те уьш?
Ас дулахь, сахьт дола лур дуй-те хецна?
 
Моттало, сахьт санна, сецна Iа зама.
Амма и бакъ дац-кха – и йоьду хьаьдда.
Йоьду и сов сиха гуш йоцчу пана,
Челакха дин санна, реманах хаьдда.
 
Зама сан сахьтаца лелаш елар-кха,
Сан сахьтан цхьамзанаш шен архаш йолуш.
ТIаккха и даим сан карахь хир яр-кха,
Шен сацар, дIаяхар соьх доьзна долуш.
 
Сайн сахьтан цхьамзанаш юха хьовзийна,
ДIадахна бIешераш ас луьстур дара.
ДIаяхна и зама ерриг а зийна,
Ас цуьнах лаьцна цхьа байт язйийр яра.
 
ХIан-хIа, и хир дац-кха! Сатийсар – эрна!
Дуьйцуш а хета и туьйранах тера.
Геннара дуьйнна схьа кIад ца луш йогIург,
Сахьто а сацор яц, дойтуш ша боххург.
 
И-м чехка йоьдуш ю, шен чабол эцна,
Цхьа бере вац цунна лаьттахь нуьйр туьллуш…
Стомара дуьйна дIа кIадделла сецна
Сан дашо сахьт ду-кха стоьла тIехь Iуьллуш…
Хоттане, I973 шо
 
 
ГIАРГIУЛИЙН НАЗМА
 
Хийистехь вайшиъ лардеш, лаьтта гуьйре.
Шовдано вота етта тIулгаш тIехь.
ДIо мархаш ялош шен зIаьнаршца уьйре,
Малх каде хьийза баьлла гIушлакхехь.
 
Лаьттарчу ирсах хьоьгу стигал екош,
Хезаш ю къаьхьа назма гIаргIулийн.
Вайшиъ цIа доьду, дегнаш вовшех хьегош,
Йоццачу ханна кхузахь гар хуьлий…
 
ДIадоьду вайша шен-шен новкъа цIехьа,

Хиларх а ший а цхьана юьртахь Iаш.
ГIаргIулийн назма вай гуш гIелло гIаьххьа,
Ма хуьлда-кх и вайн ирсан тIома каш…
I977 шеран ноябран I0 де
* * *
Хьан бIаьрхиш ду, тIулгаш санна, деза,
Хьо йилхича ла ца ло соь, нана.
Суна уьш сайн даг тIе оьгуш хеза,
Меттан гуро хьо дIалаьцчахьана.
 
Денна оьгу бIаьрхиш – даккхийн чхараш.
Дерриг дог сан чевнех дуьзна цара.
Амма, нана, уьш дIайоьрзур яра,
Мотт буьтуш, хьо яьлча уча, ара...
Хоттане, 1976 шо
 
 
* * *
ВорхI бер ду вай цхьана ненан, ворхI.
Цхьана диттан ворхI га ду вай нийсса.
Стоьмаша ца бузахь гаьннийн мор,
Къа ду диттан. Дайна цуьнан ирс а.
 
ВорхI бер ду вай ненан. Цкъа делахь,
Нана – кIира, ткъа вай – цуьнан денош.
ШозлагIа, цу денойх цхьа де лахь,
Доьлху кIира, даккхий бIаьрхиш Iенош…
Хоттане, 1978 шо
 
 
* * *
Говрашна го, вайна санна, гIенаш:
Сирла Iуьйре, шайн бергаш тIехь тхи,
Шайн баккъаш тIе шийла догIа Iенаш,
Сийна бецаш, дедда доьду хи.
 
Говрашна го, вайна санна, гIенаш:
Кхесаш шаръеш, хьоькху къоьжа мох,
Хоттах дуьзна боьха, доьхна некъаш,
ТIекIелтоьхна аьхна аре, нох…
Хоттане, 1977 шо
 
 
* * *
Ткъесан лазар сих сан кхетта,
Нана, хьоьх со гIийла хьоьгу.
Iаьржа къинош дагах летта,
Йоьза стигал кийра оьгуш.
 
КIомарш санна, мархийн кховра
Деган чевнна тIе лацало.
Сиха йоьду денойн ковра,
Хьо къежлуш соь ма ла ца ло.
 
Ас хьан дика лардо, нана,
Дуьхьал тIом беш къизаллина.
Ахь доIанна лаьцна кана
Сан кхолламан сизах ийна.
 
Синпхенех сан шерша-шеддаш
Сингаттамо хьерчош къиза,
Нагахь со лахь хьаьдда-ведда,
Хьан дезар ду цхьалха йиса.
Къора йолош зевне байташ,
Мекха долахь иллийн догIа,
Айхьа суна гечдар гайта
КоштIе сийна зезаг догIа.
Хоттане, 1978 шо
 
 
* * *
Екхна суьйре. Цуьнан сийна
ХIаваъ даьржа генна дIа.
Цхьа кIира-м дIадаьлла дийнна
Хьо ца гуш, со цхьалха Iаш.
 
Со-м хьо йолчу жимма Iийна,
Кхочур ву вайн ирсан сийнна...
 
Ткъа, хьан цIечу беснийн дари –
Суна боьгIна гура бу.
Вайна юккъе йижна аре
ГIаттаяр – сан декхар ду.
 
Со хьайн оьзда хьаша ларий,
Лолахь суна довха дари...
 
Ас тIехьарчош и сайн сина,
Дагах нуьре ларча ер.
Цхьа дехар ду хьоьга кхин а –
Сатуьйсуш, хьо кийчча Iер...
 
Со-м хьо йолчу жимма Iийна
Кхочур ву, сайн ойла зийна...
Хоттане, 1977 шо
 
 
* * *
Хьо дIаяха.
НеI ю цIийзаш цIийнан.
Хьо дIаяха,
Соьца кIеззиг Iийна.
 
Хьо дIаяха.
ХIунда? Хууш вац-кха.
НеI ю цIийзаш,
Елха ийзош цкъацкъа.
НеI ю цIийзаш.
Гура юккъе лоьцуш,
Дог сан хьийзош,
Делхош – дIа ца хоьцуш.
I978 шеран март беттан 25 де
 
 
* * *
Шуьйрра делладеди бIаьргаш ненан,
Со цIеххьана кхачарх яьлла цец и.
Цу бIаьргаш чохь бац-кха цхьа а кхерам.
Цу бIаьргаш чохь хазахетарш севци.
 
Ненан бIаьргаш дац-кха хIинца гIийла.
Цу бIаьргаш чохь – ирс ду, доцуш доза.
Цу бIаьргаш чохь – цIена, даккхий, сирла
Iежаш санна, хазахетарш кхозу.
Хоттане, 1974 шо
 
 
* * *
Бовха бу-кха безам… Цуьнан ялхо
Ду-кх сан къоналлина мел луург.
Наггахь, оьшуш меттиг хилча, малхо
Йоьху цуьнга йовхо юхалург.
 
Шовдано и лору шел а цIена,
Лам бу хьоьгуш цуьнан локхаллех.
Са ца доIуш аьрзу – къона, къена –
Яла ца ло цуьнан баххьел тIех.
Хоттане, 1976 шо
 
 стр. 2


checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:

ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости

Это интересно

Календарь новостей

«    Апрель 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
1234567
891011121314
15161718192021
22232425262728
2930 

Здесь могла быть Ваша реклама


Вечные ссылки от ProNewws

checheninfo.ru      checheninfo.ru

checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

Я.Дзен

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"