| ДАЙДЖЕСТ: |
(Нохчийн халкъан туьйра)
Цхьа бераш хилла хьуьнаха хьонке дахана, дукха хьонка а карийна, иза боккхуш 1аш, х1орш хьебелла, хьуьнах бода боьлла. Хьуьнах берзалой а хилла уг1уш.
Бераш лахахьа а дитина, воккхоха волу к1ант лекхачу попана т1е ваьлла, чуваха цхьа а ц1ено, я меттиг карайой хьажа.
Д1ёай-схьай хьаьжча цунна цхьа ц1ийна лаппаг1а гина. Цу ц1ийна не1арга баьхкина
х1орш.
Не1 схьа а йиллина доккха ешап дуьхьала даьлла кхаьрна, яккхий к1омсарш а йолуш, кегийна еха месаш а йолуш, этт1а х1умнаш а йолуш т1еюьйхина.
- Чудуьйла Бабин бераш – аьлла, чудигна цо уьш.
Т1аккха кохьар хьовзийна ахьар а даьккхина, алу т1етесна мижаргаш а деттина, беттина газана когаш-корта а баийна д1адийшина цо бераш. Ткъа ша пешачу яккхий гоьргаш а ехкина, йоккха ц1е а латийна, пеша хьалхахьа охьабиллина боккха т1улг, цу т1е доккха урс хьоькхуш ирдеш хилла.
Берашка схьа а дирзина ешапо аьлла:
- Вижнарг мила ву, вижазниг мила ву?
Воккхаха волчу к1анта аьлла:
- Вижнарг, вижвзниг со дера ву.
- Хьо х1унда цавуьжу? – хаьттина ешапо.
- Тхан нанас хьаста хьостьий, ара а дохий, ц1енна го тоссуьйтура тхоьга, т1аккхий Бен наб цакхетара тхуна.
Ешапо ара а даьхна, юха чу а дахкийна.
Юха охьахиъна ешап урс ирдан. Т1аккха хаьттина:
- Вижнарг мила ву, вижазниг мила ву?
- Вижнарг со ву, вижазниг дера ву со – аьлла воккхахволчу к1анта.
Ешапо хаьттина:
- Хьо х1унда цавуьжу? – аьлла.
- Тхан нанас буьйсанна цацаначохь хи а дохьий. Хи маладора суна, т1аккхий бен наб цакхета суна. – аьлла к1анта.
Ешап цаца а эцна хит1е дахна. Хи оьцуш схьакхачале 1ений чекх а долий юха доьдуш, иштта ъх1ара леллашехь буьйса д1аяьлла.
Сахилча, ешап ц1адале, к1ант шеен йижарий, вежарий эцна ц1авахна. К1адделла делкъахан хуьлучу хенахь ешап ц1адеъна бах, дилхина, дилхина дела бах.
Г1улдий – булдий цаьрна, кай – бож вайна.
Йийцинарг Шаипов Саид. Х1иди-к1отар. Вина 1934 ш.
(Сказки записала Терлоева Р)
![]() |
КРАСНОДАР. Кубанские парламентарии доставили гумпомощь в зону СВО
КРАСНОДАР. В Лабинске после атаки БПЛА загорелась нефтебаза, пострадавших нет
КРАСНОДАР. Парламентарии оценили эффективность использования краевого имущества
АДЫГЕЯ. Объездная дорога вокруг столицы Адыгеи разгрузит город от транзитного транспорта
Стратегические проекты Узбекистана будет контролировать Промышленный совет
Ближневосточный конфликт не повлиял на транзит грузов через Центральную Азию и Иран – Тегеран