Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Къаной – вайн беркат


Просмотров: 1 429Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:

На фото: Бахаев Висха

Адамашна юкъахь уьйр-марзо латтош дерг барт хилар ду. Тхо кхуьучу заманахь массо а вовшашца уьйр-марзо йолуш вара. Юьртахь цIа деш, асар деш, мангал хьокхуш стаг хилча белхий а бой вовшашна накъосталла дора. Ишттачу уьйраша чIагIбора адамашна юкъара барт.


Цу хазачу, генарчу хенан заманхо ву Лаха-Варандара Бахаев Висха. Иза вина 1932- чу шеран апрель баттахь Лаха-Варандахь. ВисхагIеран доьзалехь хIарий кхуьнан ши й?иший хилла. 1938-чу шарахь нана дIакхелхина церан. 1944-гIа шо тIекхаччалц, хIора а нохчийн доьзалехь санна хилла церан дахар, ялта кхиорца а, кхиболчу белхашца а хьанала рицкъа доккхуш. Ткъа 1944-чу ? шеран 4-чу январехь ирча кхаъ бохьуш салтий баьхкира ВисхагIеран ураме, схьагуллало дIадуьгуш ду шу, аьлла. Цул тIаьхьа йолаелла хан Сибрехахь яьккхира шаьш элира воккхачу стага шен бIаьргех даьлла хи дIа а доккхуш. 1957- чу шарахь вайн кхиболу нах санна Даймахка цIадирзинчул тIаьхьа, юха дIадоладелира ирсе, маьрша дахар. Дай баьхначу Варандахь цIенош а эцна, даьхни а гулдина, колхозе балха а вахана ваха хиира Висха. 1962-68 шерашкахь школехь завхозан болх а бина воккхачу стага. Пхиъ доьзалхо хилла цуьнан. Царах цхьа кIант 1996-чу шарахь хиллачу тIеман къизалло дIавигина. Оьрсийн салташа машенахь цхьанхьа воьдуш тIе герзаш а тоьхна вийна иза.

Карарчу хенахь 10 берийн бер а, 16 церан бераш а ду Висхин. Уьш кхетош-кхиорехь къа а хьоьгу воккхачу стага.
«Висха, шу кхиина зама чолхе хилла хилар хууш ду. Делахьа а, хан-зама шайна мел чолхе нисъеллехь вайн къоман хазачу гIиллакхех, оьздангаллех ца духуш кху хене схьадаьхкина шу. Цу тIехь шуна доьналла а, синчIагIо а латтийнарг хIун ду?», – аьлла шега динчу хаттарна жоп луш иштта дийцира воккхачу стага:
«Шайн заманахь хиллачу баккхийчара Эвлаяашкара схьа а эцна тхоьга кховдийна бусалба динан дозалла а, марзо а, дикалла а. Тхо кегий долуш, муьлхха а воккха стаг хьехарш деш волуш леррина цуьнга ла а доьгIуш Iара. Къаношкара боккха пайда а оьцура. Цаьрга ладегIча хIоранна а дог яхьах, доьналлех дузара. Ткъа хIинца вайна мел лазаме делахь а, новкъахь вогIуш воккха стаг хилча мелхо а цунах къаьхка, цуьнгара цхьа дош хаза а ца лаьа дукхахболчу кегийрхошна. Наггахь волу жимхий бен нислуш вац нохчийн гIиллакхийн хазна йовза лууш.»
Воккхачу стага, иштта дийцира вайн мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хазйина дIахIоттийначу Соьлжа-ГIалех а, иштта кхийолчу яртех, гIаланех а. Ша чIогIа воккхаве цуьнан мехалчу гIуллакхех, бохура цо. Цуьнан кегийрхошка кхайкхам бара, шайн дайша лардеш хиллачу вайн къоман хазачу гIиллакхех ца дохар, царех масал а оьцуш, тIаккха и гIиллакхаш шайн тIаьхьене дIакховдор а. ТIаккха вайн кхане ирсе хирг хиларх тешна а вара иза.


Виситаева Тумани




checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:

ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости

Это интересно

Календарь новостей

«    Апрель 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
1234567
891011121314
15161718192021
22232425262728
2930 

Здесь могла быть Ваша реклама


Вечные ссылки от ProNewws

checheninfo.ru      checheninfo.ru

checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

Я.Дзен

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"