Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Воздингов Махаш. Стихи


Просмотров: 6 386Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:
Воздингов Махаш. Стихи
Зама

Зама ловзу туьйра-хан,
Вайн бераллин дашо г1ан.
Цицган к1орнех хьаьстина,
Динчу вонна гечдина.
Буйнаш хьийзош, йилхина,
Я к1ажъяхна йийлина.

Зама едда, доцуш эс,
Вайн къоналлин аьрха ткъес!
Пана даьлла сонта са,
Дуьне хетта готта ц1а!
Басахь бежа аьрха дин,
Хир дац моьттуш к1орга 1ин.

Зама йоьду, буьтуш чохь,
Шен къаналлин къинойн мохь
Байбан доькхуш ламазаш,
Янза йисна 1амалаш…
Яхна хенах хьегадеш,
Йисна хено чехадеш.

Зама йог1у, хедаш хан,
Дита дезаш дуьне-г1ан..
Рог1ехь буьтуш бисна нах,
Бинчу некъан хадош мах,
Г1оза ваьхнарг айвина,
Чаьмза ваьхнарг вайина.

Со дагалацалаш

Зазаша кхелина
1алам кечделча,
Б1аьстено дендина
Самалха даьлча,
Дахарах даккхийдеш
Шаьш арадевлча,
Со дагалацалаш.

Аьхкенан тов г1уьттуш
Анайист техкош.
Бодделла са х1уьттуш
Хьиэ боьлча кхехка,
Акхтаргийн 1индаг1ехь
Шайна там хилча.
Со дагалацалаш

Гуьйренан ткъов йоьлхуш
Дуьне мустделча.
Г1арг1улеш д1айоьлхуш,
Г1айг1а язъелча.
Кхин даха дог доцуш
Безам шелбелча,
Со дагалацалаш.

Кора к1ел ч1уг етташ,
Дарц ц1ийза даьлча.
Мацалла йорт етташ,
Борз уг1а ялча.
Мокхазан цу кхерчахь,
Суйлелха баьлча,
Со дагалацалаш.

Къеналла к1ел дисна
Шаьш байлахь дисча
Жималлехь йицъелла
1амалш ян девлча.
Эхартан къинхетам
Шаьш беха девлча,
Со дагалацалаш.


checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:

ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости

Это интересно

Календарь новостей

«    Апрель 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
1234567
891011121314
15161718192021
22232425262728
2930 

Здесь могла быть Ваша реклама


Вечные ссылки от ProNewws

checheninfo.ru      checheninfo.ru

checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

Я.Дзен

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"