Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Давлетукаев Анзор. Бен . Дийцар.


Просмотров: 4 398Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:
Муса кхаа шарахь хьийзира Айзанна т1е. Ирахь 1ан вог1уш мачаш куьзга санна къагийна, хеча – ша туьран диттах тера хуьлура. Кхечу зудаберашна т1ехьийза к1ентий сана, хабарна шера я т1ера вацахь а, Айзанна д1о деган к1оргенехь хаьара, сих-сиха эхарах, массийтта шарахь муьт1ахь чекхваларх, юьхьдуьххьал схьа ца алахь а, цунна ша дукхаезийла. Гуьмсехь педучилищехь доьшуш йолчу хенахь, везаро масех аг1о безам балхош кехаташ яздора. Маликас, х1айкалш санна, лерина лардора уьш. Цул сов, х1ора дела денна юха-юха доьшура безамах дуьзна кехаташ.
Цкъа гуча ца волуш, т1епаза вайра Маликин т1ехьийза к1ант. Ч1ог1а холчохь яра иза оцу муьрехь, цунах хилларг ца хууш.
Цхьана буса х1орш бийшина болуш:
– Айзан, – аьлла кхайкхира Малика тийна. – Аса Мовсаран юьртарчу йо1е, цунах дерг хаьттича эхь дуй теша?
– Х1унда ду и эхь? Масийтта шарахь аша юкъаметтигаш а лелош, хьуна веза а везаш, хьан т1ехьийза к1ант вац иза? – жоп лелира Айзана. Цул т1аьхьа, занятешкара ц1а еача, бертала а йоьжна, йоьлхуш карийра Азанна шен доттаг1а.
Ц1еххьана хьала а иккхина:
– Со ма тешнера цунах! – элира цо. – Вайша эзарза цхьаьна ма дешнера цо яздина кехаташ! Суна вукху зудберех эхь ма хета араяла, – цуьнан б1аьргаш хих дуьзна дара. Юха тумбочки чуьра цхьа туп кехаташ схьа а эцна, уьш а эт1о х1оьттира. И деш Маликин б1аьргаш хаддаза хих 1ийдалуш дара. Месаш а яра биэн доцуш яьржина. Т1аккха, хьала а иккхина, корах ара ластийра цо кехатийн кескаш. Пхоьазлаг1чу г1ата т1ера, полларчех ловзуш, бухара беш ма-ю яьржина д1аяхара уьш. Аьчган маьнги т1е охьа а хиъна, яьржина месаш т1ехьа а хьаькхна:
– Айзан, х1ара баснеш ца язъеш волу хьан Муса эзарза г1оли ву хьуна, соьга санна, кхечуьнга а яздеш хилла-кх цо. К1илло, стаг йоцу х1ума, кийрахь садоцу пхьег1а, ша ма-ярра, – аьлла, къийла а ца луш, елха йолаелира Малика.
Замано д1а ца шардеш х1умма дац. Малика-м цул т1аьхьа дукха дика маре а нисделла ехаш ю, шен доьзал а болуш.
Шолг1а шо дара Мусаца Айзан яха хиъна, дош дашера даьлла вовшийн догдохийна меттиг а йоцуш. Сийсара хиллачо синтем байъинера. Балха т1ера кхоъ накъост а волуш чувеанчу Мусас, чай схьадан хьеделча:
– Чай х1унда ца дохьу ахьа? Наб-м ца кхетта хьуна? – аьлла, мохь туьйхира.
– Х1окху минотехь, етт д1атосуш яра со, – аьлла, арайолуш, Мусан накъостех цхьаммо:
– Накъост везара кхунна, лара ца йо х1ара, – кхоьссира.
– Накъост, хьайчунна ялаехьа, оха цхьаъ дийра ду хьуна, – жоп делира Айзана.
– Г1овг1а стенна йо ахьа? Аса оцу лерга юххе х1ума оьккхуьйтур ю хьуна, – ша волчуьра хьалаг1аьттира Муса.
Хийрачу нахана хьалха ц1ийндас аьллачо 1адийна соцунг1а а хилла, йист а ца хуьлуш араелира Айзан. Цкъа дагадеара д1аяха. Т1аьхьо, дика ойла йича, цуьнан ницкъ кхечира оцу сохьта сатоха, собар дан.
Буьйсанна хиллаг-лелларг карладуьйлуш ехха 1ийра Айзан наб ца кхеташ. Кхечо аьлча-м лан дала а тарлора, Мусас-ц1ийндас, шена сил дукха дезачу адамо иштта юьхь1аьржа х1оттор, нахана хьалха юьхьйоцуш аьллачу дешнаша кийра огура. «Х1инццалц забаренна а ца хилларг, тахана х1унда хили?»
Цкъа Мусаца 1оттаделларг дийцаре дан дагадеара. Амма важа, х1умма ца хилча санна, тохарлерраниг вара. «Кхана х1ун кхуссур-те, совъялла-те, атта хетта-те, чекх са гина-те?» – дукха ойланаш хьийзара коьрте.
Айзанеран раг1у к1ел ч1ег1ардигийн бен бара. Х1ора б1аьста зевнечу эшаршца шайн ц1а доьрзура ч1ег1ардигаш. «Х1окху шарахь кир-басар деш, и бен д1абаьккхича х1ун дара-те вай, раг1ун к1ело бехйо-кх цара», – Мусас аьлча:
– Къа дац, ткъа, церан? Бен боьхна олхазар санна, олуш ца хезна хьуна? – олуш, Айзана дуьхьало йича, Муса вист ца хилира. Цул т1аьхьа Айзана гонаха поппар хьаьхна, кир туьйхира бенна. Бакъду, ши ч1ег1ардиг юьхьанца раг1у к1елахула го а тийсина, шаьшиннан бена чухиира. Оцу дийнахь цу шиммо лелийнарг шена дийцича:
– Цхьана м1аьргона къа латадора-кх аса, – элира Мусас..
Тахана ч1ениг к1ел ши куьг а г1ортийна, бене а, ч1ег1рдигашка а б1аьрг бетташ 1ара Айзан. Уьш самукъане дара. Царех хьаьгира Айзан. Х1унда дара а хаац, оцу дийнахь къаьсттина дукха хьийзара уьш уьйт1а а, раг1у к1ел а. «Ч1ег1ардигаш а вовшийн деза кхоьллина ду-кх Дала. Ша яха ца ло-кх цхьа а садолу х1ума», – ойла йора Айзана.
Къаьсттина ондочо чуьрадуьйлуш лоькхура йиш. «Хьанна хаьа, шакарца цо балхориг бу-те шен беза къа-бала бу-те и?
Ц1еххьана шех а, Мусах а тарделира Айзанна ши ч1ег1ардиг. Боккъала, ма дика ду аса и бен ца бохийна, – дагатесира цунна. – Хьанна хаьа, Делан кхиэлаца, Делан йозанца и т1ома безам тхан раг1ун маь1иг а гайтина, кхаьчна хила а ма мега х1окху докхачу дуьненчохь тхоьга».

Мерзачу набарха со хьалхе йоккхущш,
Делалахь, декалахь, х1ай олхазар.

Йиш дагаеара Айзанна. Цхьана х1уманах тийшира: шина олхазаран а хуьлу-кх барт. Ша нахана хьалха делахь а, Мусана дегабаам барна дохкоелира иза. Даккхийчарга хьаьжча-м, к1езиг х1ума ду-кх, – ша-шена елаелира Айзан.
Цхьа ч1ег1ардиг т1емаш даржийна, хьаьвзина, хьаьвзина шен накъостана юххе охьахиира Т1аккха 1ено болийлийра шайн башха мукъамаш. Мукъамех шаьшшиъ 1аьбча, шуьйра т1емаш а даржийна, т1епаза дайра ши олхазар.
Суьйранна Мусага шен хилла дог-ойла, ши ч1ег1ардиг дийца ойла хилира Айзанан. Олхазарш д1аховшу хан яра Айзан юург-мерг кечйина, ши ч1ег1ардиг а, ц1ийнда ларван охьахихча. Х1уьттаренна санна, цу суьйранна я Муса а, я ши ч1ег1ардиг а гучу ца долуш бода ч1аг1белира. Айзанан дег1е зуз деара. Лаамаза сингаттамо вониг хьоьхура. Айзана лакъаджакуум, къулха, кхин шена мел хуу деза х1умнаш дийшира. Муса-м хьелуш меттигаш йог1ура, ткъа ч1ег1ардигаш, уьш шоршулаш-х яций, массо лепа, къега х1уманаш лоьхуш лела. Цахааро болчу т1е а совбоккхура сингаттам, холчу х1иттайора. Цхьа вон хьаьрк, билгало ю-те х1ара сурт х1оттар? – б1арзъелла хьийзара Айзан.
Эххар марнана йолчу яха сацам бира цо. «Майра-м ша дара, ч1ег1ардигаш ц1а ца даьхкина холчохь ю муха эра ду?» – и сингаттам лачкъо сацамбира цо.
Сацам-тем байна кевнехьа д1айолаелира иза. Сих-сиха т1емаш детташ, лекхачу б1ара т1ехула ч1ег1ардиг гучуделира, Айзан кхера а еш. Иза сихха юхайирзира. Ч1ег1ардиг ша цхьаъ бен дацара. Иза хаддаза г1ийла декара. Цуьнан башха мукъам ч1ир-ч1ир бахарх хийцабеллера. Хьевелла ц1ийндас, хаддаза ч1ир-ч1ир деш хьийзачу ч1ег1ардиго яхьийна хиъна 1ара Айзан.
Буьйса юкъе юлуш ц1а веара Муса.
– Хезий хьуна, цхьа ч1ег1ардиг ц1а ца деана-кх вайн, – элира Айзана, Муса стоьлан йисте охьа ма-хиъина.
– Суна-м хьо оццула кхоьлина яйча, етт байна моттаделира. Эцца бераша 1одаца т1улг тоьхна дийна хир ду, – аьлла, хьалха йиллина х1ума яа волавелира ц1ийнда.
– Ч1ог1а новкъадеана суна и ц1а ца деана. Цхьа хаза, бертахь 1аш ма дара и шиъ. Со царех йоьллера. Хьо а, ч1ег1ардигаш а цхьаьний хьеделча, дег1е цхьа тамашийна зуз деанера-ух суна.
– Хьан ч1ег1ардиг, Дала мукъ лахь, ц1ахь ду-кх, – велакъежира Муса, кхин х1ума юуучуьра хьала а ца таь1аш. Айзан леррина ц1ийндега хьоьжуш г1еххьачул 1ийра. Юучух тасавелла воллучу майрачунна и сурт туса а ца делира. Я Айзана а кхин карла ца баьккхира шена шарал а бахбелла и жима, амма инзара мур.
Цул т1аьхьа, кхозлаг1чу дийнахь буьйсанна хан яьллачу хенахь татано самаяькхира Айзан. Не1 а йиллина, арахьаьжча, ч1ег1ардиг дара г1ора ма-ду чиркхана гонаха хьийзаш. Буфетан т1ера графин яра, охьатоьхна, дама-дарц хилла 1анаяхана 1уьллуш.
1уьйранна нуй хьакха араяьлча, Айзан цец а йоккхуш, ши ч1ег1ардиг хиира бенан йистошка. Г1еххьа ч1ар-ч1ир дина, и шиъ цхьаьна т1ема даьла д1адахара. Суьйранна цхьаьний ц1а деара ший. Шозлаг1чу 1уьйранна керла далийначу «нускало» з1акарца хи, чимхалгаш кхоьхьуш, Айзана тоьхначу киранна т1ехула т1уьна аса яьхьира, х1усам ц1инъеш, карлайоккхуш. Цкъа цо к1а тесира цаьршинна, бертахь з1акарш етта доладелира ший. Айзанна тосаделира, бенан да юьстахвуьйлуш, х1усамнанна к1а алсам кхочуьйтуш хилар. Т1е а йолаелла, Дала цхьа барт бойла шуьшиннан, аьлча, къаьхкина д1адахара ши ч1ег1ардиг.
Цул т1аьхьа дукха хан ялале, Мусас хьуна х1ун дагадеана, цхьа а хан йоцчу хенахь а бохуш, Айзана сир-кир деш карлаехира шайн х1усамаш, кир тоьхначулла т1ехьа керла далийначу ч1ег1ардиго йиллина киран аса къаьсташ а яцара бенан т1оьхула… 


checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:

ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости

Это интересно

Календарь новостей

«    Апрель 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
1234567
891011121314
15161718192021
22232425262728
2930 

Здесь могла быть Ваша реклама


Вечные ссылки от ProNewws

checheninfo.ru      checheninfo.ru

checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

Я.Дзен

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"