Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Нохчийн халкъан орамаш


Просмотров: 2 751Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:
Нохчийн халкъан орамаш

Муртазов Iадлан
 
* * *
Б1аьсте йолу, бацо латта кхолу,
Стиглахь гучуболу, боьлу малх.
Хьозано самукъне илли олу,
Уьйт1ахь ж1аьло олу девза «г1алх».
 
Бай а къарзош, къорза зезаг долу,
Цхьалха полла техка зазашлахь.
Токхе дахар эвлахь кхехкадолу,
Суна-м гац хьо сайна бевзаршлахь.
 
Б1аьсте ели, бацо латта кхели,
Пет1амато къарзби сийна бай.
Хьо сох х1инца хераяьлла ели,
Вайна юккъера хадош тай…
 
СУНА-М ЛАЬА
 
Суна-м лаьа, лекхчу лома вахна,
Ширчу б1аьвнех шортта бетта б1аьрг.
Суна-м лаьа, сайн орамаш а лехна,
Суо ма-варра вовза, со-суо верг.
Суна-м лаьа, шовдан коьрте х1отта,
Iаббалц баха ломара хинах чам.
Суна-м лаьа ,б1аьвнаш тоеш йотта,
Карлаяккхархьама яхна хан.
Суна-м лаьа, хьалхалера дийцарш
Дагалуьйцуш дийца к1ад ца луш.
Сих байракх еш,
ц1енчу новкъахь эгнарш
Бийца, хесто, дог1у хьакъ д1алуш.
Суна-м лаьа, сенчу байлахь 1илла,
Ламанан х1уо шовкъе уьйзуш чу.
Йист йоцучу хьежа лаьа стигла,
Кху лаьттаца деган з1е сан ю.
Суна-м лаьа, лома боьххье ваьлла,
Б1аьрга лаца йоллу Нохчийчоь.
Органера Терке салам делла,
Вовшаххотта екъна Нохчийчоь.
Суна-м лаьа, каде дина хиъна,
Массарна хазийта етта берг.
Дайн кхерч бовза, марзо ваьлча йиъна,
Хуьлда сох а суна доьг1на дерг.
 
 
* * *
Аса-м хьо лоьхур ю,
Маццалц а, миччахь а,
Массанхьа дуьнен чохь,..
Маца хьо карор ю,
Ца карош 1елур вуй?
 
Аса-м хьо лоьхур ю
Бух боцчу х1ордашкахь,
Юькъачу хьаннашкахь,
Хьан амат б1аьра хьалха
Лаьттийца даима.
Аса-м хьо лоьхур ю,

Цу маьлхан дег1а т1ехь,
Седарчийн баккъаш т1ехь,
Дуьхьало эшийна,
Деригге дицдина.
 
Аса-м хьо лоьхур ю
Сайн г1енийн г1енашкахь,
Ойланийн пхенашкахь…
Хьо суна генахь ю,
Амма сан даг чохь ю.
Аса-м хьо лоьхур ю…
 
КХЕРЧ
 
Къоьжа баххьаш
Малхехь къега лаьмнийн,
Ижу толлуш хьийза аьрзунаш.
Царна ма го сан даймехкан хазалла,
Йо1-б1аьрг санна дайша лардинарг.
Хьуьнхахь хьоза доккхадерца дека,
Барзо уг1уш буса сагатдо.
Гонах хьоме ненан мотт а бека,
Нохчийн дагна цара там ма бо.
Дахар кхузахь х1инца ма денделла,
Кхузахь маьрша г1ерг1а х1инца сай.
Т1амо мерцана зезаг малхе даьлла,
Цо шен ирсах дакъа кхаьчий вайн.
 
 
МАШАР
 
Машар, машар, машар –
Дикане, ирсе вай кхачар,
Вовшеха вай массо дашар,
Вай къоман сийлахь дерг даржор.
 
Машар, машар, машар –
Маьрша вайн 1ер-дахар, дешар,
Нохчийчохь парг1ат ког баккхар,
Беркат, барт кхиош г1улч яккхар.
 
Машар, машар, машар –
Къинхьегамца ден асар,
Массара вовшийн г1о лацар,
Г1иллакхе оьзда вайн дахар,
 
Машар, машар, машар –
Лаьмнашкахь дежа масар,
Бошмашкахь дека зарзар,
Iуьйренца малх боьлуш г1аттар.
 
Машар, машар, машар –
Бацалахь зезагаш лиэпар,
Стиглахь седарчий къегар,
Батто сирла некъ хьиэхар.
Машар, машар, машар –
Бовха малх безаме хьежар,
Суьйранна беттаса кхетар,
Олхахарш цхьа зевне декар.
 
Машар, машар, машар –
Сов хаза стела1ад х1оттар,
Ялтана дог1анаш делхар,
Iуьйранна буц тхица къегар.
 
Машар, машар, машар –
Бацалахь цаьпцалгаш екар,
Буьйсанна ч1об г1ийла декар,
Стиглахь бирдолаг хьийзар.
 
Машар, машар, машар –
Уггаре вайна оьшург,
Хир дац-кха бацахь машар
Х1умма а, карахь герз доцург…
 
НОХЧИЙЧОЬ Ю-КХ ХЬО
 
Нохчийчоь ю-кх хьо,
Дайн латта ду-кх хьо,
Нохчийчоь ю-кх хьто,
Хьайн хазаллехь а,
Хьайн эрчаллехь а
Нохчийчоь ю-кх хьо.
 
Тхан толам бу-кх хьо,
Тхан лакхе ю-кх хьо,
Тхан орам бу-кх хьо,..
Хьо ягийнехь а,
Хьо денъеллехь а
Нохчийчоь ю-кх хьо.
 
Тхан ойла ю-кх хьо,
Тхан безам бу-кх хьо,
Тхан 1ойла ю-кх хьо,..
Дорцаша г1елъярх,
Дажалша кхел ярх
Нохчийчоь ю-кх хьо.
 
Тхан дахар ду-кх хьо,
Тхан марзо ю-кх хьо.
Тхан бахам бу-кх хьо,..
Ирс хилла къежарх,
Г1елъелла хьежарх
Нохчийчоь ю-кх хьо.
 
Тхан кхане ю-кх хьо,
Тхан сибат ду-кх хьо,
Тхан тахне ю-кх хьо,
Ц1арах а ягарх,
Дешех а къегарх
Нохчийчоь ю-кх хьо.
Нохчийчоь ю-кх хьо,
Тхан латта ду-кх хьо,
Нохчийчоь ю-кх хьо,..
Дийнахь самах а,
Буса г1енах а
Нохийчоь ю-кх хьо.
 
ДАХАР
 
Шерашца хийцало дуьнене хьежам,
Шерашца хийцало дахар.
Заманца хийцало дахаре безам,
Хийцало хийцалац бахарх.
Бераллехь ага а, къаналлехь 1аса
Къаьсташ ду вовшех, дац бахарх.
Къаночун къена дог,
Жимачуьна жима дог
Цхьаьна даг1ац, мел дог1у бахарх.
Замано, шераша деригге хуьйцур,
Бакъ ду и, бакъ дац мел бахарх.
 
 
* * *
Муха ас йийца те сайн ойла,
Мила ас тешор ву ала.
Дагахь дерг дийцалац дашца,
Син хьал сайн далхалац озаца.
Даймахке сайн безам ас буьйцуш,
И лоруш кехат т1е ас язбарх, –
Кхетарий те и шун дагах,
Къайле ю мел ойла ярах.
Адамийн дагах ца кхетахь,
Дог г1аттош я к1аддеш ца хилахь,
Мог1анаш довр ду те са эрна,
Шена чохь са доцу чалх санна.
Дош макхлуш кехат т1ехь довр ду,
Аз мохо дадийна хьур ду…
Дагахь дерг ас муха дийца те?
Муха и халкъе д1акхачор те?
 
 
* * *
Со кхийтира, Нохчийчоь, со кхийтира
Хьан дег1ах суо дакъа дуй.
Со кхийтира, Нохчийчоь, со кхийтира
Хьан алух баьлла суй со буй.
Ахь г1айг1анехь сан дог а ийцира,
Ахь иэшамехь сан ницкъ а гулбира,
Ас нигат деш ахь некъ сан тобира,
Ахь боданехь со серлоне ваьккхира.
Ахь даг чохь сан хьайн б1ов йиллира.
Ахь даг чу сан дайн г1иллакх диллира,
Ахь г1ийлачух къахетар хьийхира,
Со лийлира, Нохчийчоь, со лийлира…
Со тийшира, Нохчийчоь, хьох тийшира,
Со кхийтира, Нохчийчоь, со кхийтира,
Со кхийтира, Нохчийчоь,
Со кхийтира… Источник:: журнал "Нана"




checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:

ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости

Это интересно

Календарь новостей

«    Март 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123
45678910
11121314151617
18192021222324
25262728293031

Здесь могла быть Ваша реклама


Вечные ссылки от ProNewws

checheninfo.ru      checheninfo.ru

checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

Я.Дзен

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"