Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Нохчийн мотт


Просмотров: 1 410Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:

(Новелла)


Мацах-цкъа генна арахь, тоькан серашна юккъехь мох ц1ийзачу Сибрехахь вехаш волу нохичуьна, масех шо нохчийн мотт хазанза даьлчи, са готта хьаьвзина хиллера. «Адмийн йоцург къоьлла яц», - дагадеара пана махка рицкъ лаха вахначу стагана. Т1аккха шегара т1е туьйхира цуо: «Шен мотт буьйцу адам цахилар бен къоьлла яц!» Нохчийн мотт лерехь беканза хан яьлча бен ца хиира шен синна а, дег1ана цуо луш хилла болу ницкъ, х1инца бен ца кхийтира ненан меттан ондалла а, цунна т1етевжийла а д1аяьллий. Серашна юккъехь шок лоькху мох санна, екара дагчохь есалла. Йокъа х1оттачий бен ца хаьа дог1анан мах, малхо эт1ийна латта цуо 1абийча бен ца кхета цуьнан мерза чам. Ма ч1ог1а лиира цунна хьоме дашнаш хаза, кхечарна г1орг1а хета нохчийн маттахь ц1ера хабар-кост хаза, ца 1ебаш дешнаш мийла, Даймехкан мерза шовда санна. Амма вацара т1екхача нохчи, цу хенахь тильпо а яцара, я ур-аттала х1ара вехачу юьрта бог1уш т1улга некъ а, дог1а деъча тракторца а ца вахлора 1аьржа хьена лаьттахула. «Кху гурахь, - ша-шега олура цуо, - кху гурахь ц1а г1ур ву со, Нохчийчу… Ден а, ненан а каш т1е а х1уттуш». Цхьа йиша бен кхуьна кхин стаг а вацара, иза а нехан ц1арт1ехь, шен баккхий доьзал а болуш ехаш яра.


Цхьана кхоьлинчу дийнахь, шен хаьннийн х1усман жима корехула арахьаьжча, лулара оьрси гира кхунна. Иза вон стаг а вацара, Антон. Лулахо ринжа а диллина кхуьнан уьйт1а велира иза. Уьйт1е ала-м жима яра иза – дика-вуо хьийза меттиг яцара, эшча а. Кхуьнга мохь т1уьйхира, цхьа кхаан билгало хезара озехь. Не1аран к1ажа ц1овзабеш дуьхьала велира х1ара хьешанна. Антона дийцира: «Лулара юьртахь нохчи бу, барх1 стаг ву, бежнийн ферма юттуш бу уьш». Цуо юьйцу юрт 47 чакхарма генахь яра, доладелла дерз масех денна дог1не доьрзар долуш дара, делкъхан и хиллера. Сихха царна т1е кхача а, нохчийн мотт хаза а лаам тохабелира дагчохь, есалла сатийсарца юза йолаелира. Антон а цецваьлла лаьттара кхуьнан «шайт1ан б1аьра хьежарх», кхин баркалла ца хезна кех велира иза, «бур-бур» а деш. «Нохчий! Нохчийн мотт!», - хьийзара кхуьна коьртехь.


Сихха т1е х1ума юьйхина, кога ризянкин эткаш а, палто т1ехула гатан палаш а юьйхина, кисна бепиг юьхк а, вукха кисна аьнгли шишан чохь хи а диллина, не1арна дог1а а тоьхна, кхин цхьанге а вист ца хуьлуш, ур-аттала бригадире а, маса боларца новкъа велира стаг. Цуьна 48 шо дара, сихха боларо коган голаш карзахйохура, амма кхуо лазар тергалла ца дора. Кестта нохчийн мотт хезар болуш бара, цуо дайдора болар а, дег1 а.


Стаг юьртал ара ваьлла воьдура, некъ бода бечу баган хьуьна юккъехула боьдура. Тийналла йоцург некъанакъост воцуш воьдура х1ара шена гергара хетачу нахе хьошалг1а. Сахьто малбуза ламазан хан гайтира. Шен палто охьа а тесна ламаз дина ваьлча, Далла хастам бира цуо цу нохчашна кху махкахь рицкъ яздина хиларна. Цу ойланашца некъ беш, сихха йоьдура хан. Маьрк1ажа хан а хье ца елира, ламаз дина ваьлча кхоччуш 1аржъеллера. Дог1а а чехка даьллера, эткаш т1елета 1аьржа сацц1аро базбинера когаш, болар лахделира. Диттах букъ тоьхна охьахиъна жимма са даь1ира кхуо, бепиг кхаьллира, т1е хи а молуш. Хи шийла дара, т1унъелла палто а шелвеш яра. Цхьа нохчийн мотт бар-кха ц1ий чехка доккхуш. Ша нохчашна «ассаламу 1алейкум» аьлла мара иккхича, хин долу дог дуьхьала тесча, велакъежара иза церг-ков гучу а доккхуш.

Некъ гуш бацара. «Тилвала мегар со», - дагатесира стагна.
Берзалой хуьлу кху хьаннашкахь олуш а хезнера, черчий а. «Со суо ю борз, - велакъежира хьара. Ша шега вистхуьлуш, нохчийн мотт карлабоккхуш санна, шена хазийта шен аз муха дека, олура стага. – Нохчи ма ву со!». Б1аргашна х1умма ца гора, когаш шаьша лохура некъ, тракторо а, говр-ворданаш а йитинчу ларца. Дуьххьал д1а хан йолур-кха, ткъа кхунна сихха нохчашна т1е кхача лаьаара.


Борз уьг1ара. Хьун кхераелча санна лестира, мехий а эгош. Саца сецна ла дуьйг1ира кхуо, амма дитташ юккъкехь тилделла деъна 1аг1ар лар йоцуш дара. Диттан шога т1еда хенах куьг хьаькхира стага – цхьа а га дацара, чурам санна нийса лекха дара зез.


Делан ц1ераш йохуш, шена хуу аяташ доьшуш вог1ура стаг. Берзалошца бегаш чекх ца бовлу, уьш меца елахь х1ете а. Амма х1ара меца зама яц, гуьйре – хьуьнхахь экха алсам долу хан ю. «Берзалой, со нохчашна т1е кхача витлаш, юха вог1уш цхьаъ дер аша…», - ойла йора стага, т1аккха ша-шеха велалора.


Ц1еххьана аьрру аг1ора, хьалха гена доццуш б1аьргаш к1егаш гира цунна. Масех… Берзалой яра уьш. Г1овг1а-м ца йора цара, серлонаш ц1еран суйнаш санна уьдур-кх. «Нохчийн мотт ца хезаш вала воллу-кх со!», - дагатесира стагна. Куьг тоьхча урс а дацара хаьнт1ехь, даима а лелош долу. Сихаллехь дицдинера. Хилча а х1ун дийра дара цунах? Дера цхьаъ йийна а, шиъ йийна а борз юьйра яр-кх, шен са дорах д1а ца дала, нохчи берзалоша вийна ца алийта, берзалой йойуш велла алийта.


«Я Аллахь! Хьайн Сийлаллин а, Возаллийн а дуьхьа! Сан сатийсаман дуьхьа! Сан сирлачу лааман дуьхьа! Сан къиношна геч дехьа! Хьо бен деха а вац, Хьо бен дала вац! Хьай Къинхетаман дуьхьа, Айхьа Кхоьллинчу 1аламан дуьхьа, стиглара доьлхучу дог1ан дуьхьа, цунах хуьлучу шовдан дуьхьа геч дехьа сан къиношна! Я Аллахь! Азаллехь язъйина 1ожалла сан тахна елахь, Ахьа деллачунна реза ву со, хастам а бо аса! Ницкъ Болу Веза Дела, Боккха болу Хьаайн Къинхетам босса бехьа суна, цхьа де лохьа! Пурба лохьа Хьайна дуьхьал х1оттале кхин цкъа ненан мотт хаза, цунах т1аьххьарлера марзо эца!»


Б1аргаш къегара, уьш алсам а довлура, акхарой кхин а т1е оьхуш яра. Кхерам бу ала метиг яцара кхьнан дагчохь, вала сиха вацахь а. «Делан карах ду дерриге», бохучу ойлано меттиг ца буьтура кхерамна а, шеконашна. «Дуьххьара т1елеттачу берзан логах цергаш тосур ю аса», - аьлла сацам ч1аг1белира кхуьнан дагчохь. Диттах букъ тоьхна, ши ког дикка лаьттах а г1ортийна д1ах1оьттира х1ара, хаддаза шах1адат а далош.


Ткъа берзалой сиха яцара стагна т1е лата, цхьа барт беш санна «г1ар» дора акхароша, я кхунах доллург х1у ду ца кхетахь а, я кхуьнан кхераман хьож ца кхетарх цецйийлахь а.


Ц1аьххьана белира инзаре мохь. И мохь кхунна бевзаш бара, х1умма а берзлойл г1оле а бацара. Ши де хьалха кхеран юьртара фермера йоккха ши старг1а хеца а елла едда хьунах д1аяхнера. Уьш карош а яцара. Церан йоккхаллин барам ба а буй-те аьлла, онда яра и шиъ. 1ай цу шимма доь1учу сино дохк латтадора фермехь, и шиъ цхьана 1аьхча юьртах коран аьнгалиш дега дора. Цу шинна юург яла а, церан дола дан а ваьхьаш цхьа стаг бен вацара юьртахь, мотт ца хуу зоьртала Василий. Цуо мерах тесна чкъург лоций дехьа сехьа йоккхура ши старг1а. «Хих веддарг хьера буха иккхина», - ден кица дагадеара кхунна. Стерчийн мохь хезча б1аргаш а д1асадевдира. Х1ара сихха д1аволавелира, старг1а г1оле хир берзлошна солла а, аьлла. Берзлойн г1овг1а а, стерчийн 1ег1ар букъа т1ехьа дисира, церан цхьа дов хиллачух тера а дара, амма иза кхуьна дов дацара.


Кхин болар лах ца деш са тоссуш д1акхечира стаг шен 1алашоне. Юьрт йижна яра, наггахь ж1ала летара, г1аз 1аьг1ара. Сельсовете вахара х1ара. Цуьна лами т1ехула лаба яра, ц1ен байракх к1елахь дечиган г1ант а дара. Цу т1е охьалахвелла кхунна наб озийра, г1ан а гира. Нохчийчоь, цигахь нохчийн мотт буьйцуш шортта нохчий а.


Цхьаммо белшах куьг тоьхна самаваьккхира стаг, юьртда вара иза, хенаро стаг, сийна костом а, коьртахь хуражка а йолуш. Х1инцца яьшна горга юьхь т1ехь цецвалар хаалора. Цуо хаьттира лаа лелий аьлла. Кхуьна куьг-ког тхьусдоьллера, шел а веллера, мацалло кийра 1ийжабора. «Нохчий болчу хьошалг1а веъна со», - жоп делира кхуо. «Нохчий болчу веънехь кхузахь стенна 1а? Цаьрга мичча хенахь а чу ваха ма мега», - велавелира юьртда. «Ба а ма бу уьш бакъ болу нохчи, шаьш дика аг1ор бовзийтина цара», - самукъаделира стега. «Стенгахь 1аш бу ца хаа суна, ткъа хатта стаг а вацара, дукха 1уьйре кхаьчна со», - элира хьешо. «Иштта д1аг1о, - п1елг хьажийра оьрсичуо. - Цигахь ян йолийна ферма гур хьуна. Белахалой а кесста схьбог1ур бу цига, дукха 1уьйре г1овтту уьш, дика белхалой а бу».


Шега аьллачига д1авахара стаг, кестта саман-кибарчаган ферми т1е а кхечира, тхов к1ела яхна яра иза. Дог1а сеццера, амма малх мархашна т1ехьара гучубала сиха бацара. Пена улло х1оттийна дечиг г1анта т1е хиира х1ара, йисина бепиг юьхк кхаьллира, т1е хи а молуш. Нохчи болх беш буйла хаалора – уллохь йина турник а яра, цунна уллохь танг1алкх йина хьалаоьллина г1ум чу йоьхкина гали а, т1е буйнаш бетта.


Дукха хан ялале геннах оьрсийн доцу хабар хезира, стеган догг сихха – тхов т1ера эга дог1ан т1адамаш санна – деттадала доладелира. «Х1инцца хезар бу суна нохчийн мотт!» - декара лерехь.


Нах герга кхочуш бара, кхунах б1арга а кхийтира церан. Хабар саца ца деш бог1ура уьш, кхоъ воккха вара, г1еххьа яьлла мажош а йолуш, кхуьна хенар хир волуш, пхиъ жимуо. Даггара велавелла хьала а г1аьттина дуьхьала вахара х1ара. Дикка улло кхачча а ца кхийтира х1ара цаьра буьйцург нохчи мотт боцийла. Уьш ж1айхой бара… Салам д1аийцира цара, могуш-парг1ат а хаьттира, нохчи вуйла хиъча хаза а хийтира, «вай-м цхьа вежарий ду» а элира. Амма кхуьна дог къевлир-кха, са готта хьавзира, берзалой а стерчий а цхьана а девлла т1аьхьа идича санна. «Хьо лаа леларий? Чу г1ура дув ай, хьо шелвелла а, мацвелла а хи рву», - элира белхалоша. «Баркалла, сих ву со, д1аг1ур ву», - элира кхуо. «Дера г1ура вац-кха цкъа тхан хьешига вист а ца хуьлуш-м, - элира воккхачуо. – Цунна а хазахетар ду хьо гича. Сийсара тхо нохчи ду аьлла хезна веъна ву иза кху дог1нехула. Нохчийн мотт хазанза масех шо ду бохуш дуьйцура цуо. Иза-м берзлоша ваанза а ваьлла хилла, цуо ша дуьцур ду хьуна… Х1окху к1анта д1авуьгур ву хьо».


«Хастам бу Хьуна Веза Дела», - олуш, кхин цхьа некъ а болийра цуо нохчийн маттана дуьхьала.



Закриев 1ийса


Источник: chechnyatoday.com


checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:

ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости

Это интересно

Календарь новостей

«    Апрель 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
1234567
891011121314
15161718192021
22232425262728
2930 

Здесь могла быть Ваша реклама


Вечные ссылки от ProNewws

checheninfo.ru      checheninfo.ru

checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

Я.Дзен

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"