Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Нохчийн Республикин Парламентан Председателан Даудов Мохьмадан Нохчийн меттан денца доьзна декъалдар


Просмотров: 1 253Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:

Хьоме махкахой!


Депутатийн корпусан а, сайн а цIарах Нохчийн меттан денца даггара декъалво Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан а, республикин берриге бахархой а. Нохчийн меттан Дезде къастийна ду 2007-чу шарахь Нохчийн Республикин Президентан Кадыров Рамзанан Указца. Оцу хьекъалечу сацамца цо вайн мотт лараман а, сийлаллин а лаккхарчу тIегIане баьккхина.

Нохчийн мотт – иза вайн дахаран дакъа а, вайн башхалла а, кхетаман а, леларан а амат ду. Кхетош-кхиоран мехала гIирс а, къоман син-оьздангаллин билгало а ю иза. Ненан мотт Iалашбар а, тIекхуьучу чкъурашка иза къоман синан тIаьхьало санна дIакхачор а – иза вайн деза декхар ду. Тахана и гIуллакх республикин куьйгаллин тергонехь ду. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан дIадолорца хIиттийна ненан мотт Iалашбаран а, кхиоран а леррина йолу программаш. Иза бахьанехь жигарбаьлла нохчийн меттан хьокъехь болу талламан болх а, школашкахь а, лаккхарчу дешаран учрежденешкахь лакхадаьлла нохчийн мотт а, литература а хьехаран тIегIа.


Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) ненан маттаца доьзна мел долчу хIуманан доккха маьIна дора. Цо гуттар а тергонехь латтабора нохчийн мотт кхиоран а, баржоран а хьокъехь къахьоьгуш болу Iилманчаш, литераторш, журналисташ. Билгалдаккха догIу, и болх тахана а лакхарчу тIегIанехь дIахьош хилар.


Хьоме доттагIий! Вай нохчийн мотт ларбан а, Iалашбан а, кхио а, вешан историна муьтIахь хила а, цуьнан баххийн ларам бан а декхарийлахь ду. Везачу Дала гIо дойла вайна цу тIехь. Дала тIаьхье беркате йойла вайн!


Ларамца, Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад


chechnyatoday.com


checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:

ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости

Это интересно

Календарь новостей

«    Март 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123
45678910
11121314151617
18192021222324
25262728293031

Здесь могла быть Ваша реклама


Вечные ссылки от ProNewws

checheninfo.ru      checheninfo.ru

checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

Я.Дзен

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"